Нохчийн къоман кхоллараллин интеллигенцин гуонашкахь шуьйра евзаш ю Темирбулатова Светлана. Сийлахь-воккхачу оьрсийн поэтан М.Ю.Лермонтовн цIарахчу литературни музейн директор ю иза. Ша музей Шелковски кIоштарчу Парабоч олучу юьртахь ю. Цкъа мацах жимчохь Лермонтов вогIуш хилла ков-керт ду иза. Цуьнан безамна цIиндина, цхьацца экспонаташ гулйина, поэтан зевне кхолларалла езачара лардеш тахнене схьадалийна. 2004-чу шеран 1-чу ноябрехь дуьйна Света ю цигахь директор. Бакъду, музейн директор хIоттале дукха хьалха дуьйна евзаш яра Светлана-м. Халкъан, мехкан юкъарчу дахарехь цо даима жигара дакъалацар ду цунна «бехке».
Дуьнена ялар 1944-чу шеран 30-чу августехь ГIиргIизойн махкахь хиллехь а, кхиар Нажи-Юьртан кIоштан Мескита юьртахь хилла йоьIан. Цигахь чекхъяьккхина цо юккъерчу школин ворхI класс. ТIаккха 1960-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу лоьрийн училище деша яхара.Кхиамца фельдшеран говзалла караерзийна, цул тIаьхьа масех шарахь Нажи-Юьртарчу кIоштан больницехь болх бо къоначу говзанчас. 1969-чу шарахь дуьйна Шелковски кIоштарчу дарбанан кхерчашкахь белхаш бо вайн турпалхочо. Амма миччанхьа белхаш бахь а Светас жигара дакъалоцу исбаьхьаллин самодеятельностехь. Ишта-м, училищехь доьшуш йолуш дуьйна байташ язъеш яра йоI. Цуьнан ирс хилла нохчийн къоман сийлахь поэт Мамакаев Мохьмад вовза. Цу муьрехь и дешан воккха говзанча нохчийн маттахь яздечу къоначу поэтийн Iуналла деш вара. Доккха беркат дара оцу хьалха хиллачу нохчийн поэташца. Шайна тIевеана жимха цара цкъа а къахка ца вора. Жимма нохчийн йозанехь къахьега лууш велахь хьехар дой, дог ира-кара хIоттадой, ойла тIома йоккхий, сирлачу кханенах тешавора. Ишттачарех цхьаъ яра Темирбулатова Светлана. Цо нохчийн, оьрсийн меттанашкахь яздора. Цуьнан байташ сих-сиха зорбане юьйлура «Комсомольское племя», «Ленинан некъ», газеташкахь, «ОРГА» журналехь. Бакъду уьш зорбане юьйлура аьлла, цкъа а ша шеха тоам бина, Iилманан кIоргене кхийдачуьра сецна-м яц иза. Цу заманахь «Комсомольское племя» цIе йолчу газетехь яра шинашеран «къоначу корреспондентийн школа», иза чекхъяьккхира йоIа. Вайнехан ву бохучу массо а яздархочун книга ешна яьллера иза. Цул совнаха, хIора шарахь, шена лаа а лууш, дерриге а деша а доьшуш, 25 сов газет, журнал яздора цо, Соьлжа-ГIалахь, Москвахь зорбане дуьйлурш ца къестош. Царах тоам ца беш, киоскашкахь газеташ тIеоьцуш меттигаш нислора. Иштта, хааршна Iаламат сутара яра Светлана дукха жимчохь дуьйна. Кхин цхьа ховха безам а бу цуьнан шен дерриге оьздачу дахарехула чекхбоккхуш. Цунна чIогIа дукхаеза нохчийн къоман театр. Лоьрийн училищехь доьшуш йолуш тасаделла цуьнан театраца, актерашца заманан йохалла ширдала ца туьгу гергарло. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран кхузткъалгIачу шерийн юьххьехь дуьйна цо цхьа а спектакль ца йитина хьажаза. Буьйсана юккъехь самаяьккхина, ахь хаттахь а, Темирбулатова Светланас, цхьана хьаьркана гал ца йолуш, схьадуьйцур ду муьлха спектакль муьлхачу режиссеро хIоттийна, цу юкъахь дакъалоцуш муьлха актераш бара, муьран зорбанехь цу спектаклах лаьцна яздинарг мила вара. ДуьххьалдIа театр езархо, спектаклашка хьажархо хилла Iаш яц Светлана, иза къоман театрехь къахьоьгучу дукхах болчу актерийн уллера гергара стаг ю. Балхана юкъах ца йолуш, Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институтехь дешна йолу хIара, къоман театран куьйгалло I979-чу шарахь Москварчу театральни институте деша хьажийнера, театроведчески факультете. Мел халахеташ делахь а, конкурсах чекх ца елира, рицкъа цахилар хила там бу иза. Делахь а, кхолламна даръелла, театраца долу гергарло дIа ца тесира кхо. Иза-м шо шаре мел долу чIагIлуш дIадоьдуш ду. Цунна къегина тоьшалла ду 1984-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмтеатр Москва гастролашка йоьдуш, къоман театран куьйгалло актерийн тобанца хIара а йигина хилар. Вайнехан театран гастролаш М.Горькийн цIарахчу МХАТ-н сцени тIехь дIайоьлхуш яра. Мел самукъадаьллера кхуьнан дуьненна бевза оьрсийн актераш ган, бовза аьтто хиларх, церан цIарна цIе яханчу пхьалгIа ша кхачарх.
Цхьа тамашийна хьекъале адам ду иза, экама са сирла, сема долуш. Цунна чIогIа дукхадеза ша схьаяьлла нохчийн къам, цуьнан культура, литература, истори. ПIелг Iоттал меттиг яц Темирбулатова Светланин чохь книгаш, журналаш, газеташ доцуш. Газетийн таппаш шайн шайн билгалонашца къастийна, цхьацца терхи дIалаьцна ю: «Фольклор», «Эпос», «Знаменитые люди», «История», «Религия», «Писатели», «Депортация чеченцев и ингушей», «Чечено-Ингушетия в ВОВ», «Русские писатели 18-19 веков на Кавказе», иштта дIа кхин а. Кест-кеста вайнехан Iилманчаш, яздархой, журналисташ, студенташ хуьлу Светлана йолчохь хьошалгIахь. Кхо дуккха а шерашкахь вовшахйиттинчу архивехь шайна оьшург лаха, къасто, цуьнца болх бан Iалашо йолуш, кхочу уьш дукха хьолахь и оьзда зуда йолчу хьошалгIа. ХIора а, вайнехан гIиллакхехь догIуш ма-хиллара, елалой-екхалой дуьхьал йолий, мерза шун хIоттадой, итт шарахь варе сатесна ша Iийча санна, хаза тIеоьцу цо. Вайнехан оьздачу гIиллакхан сийлалла шен кертахь цIархазмана лелош цахилар тосадолуьйтуш. Нохчийн маттахь хецна дечу къамело гойту мел кIорга хаарш долуш адам ду Светлана. Вайна массарна юьхькIам бу иштта Iилманца уьйр-марзо йолу стаг музейн куьйгаллехь хилар. Бакъду, директор яра аьлла, цхьана а кепара куралла яц цуьнан сица-дегIаца. Даймехкан дуьхьа хьанал къахьегар дахаран коьрта къилба хилла дIахIоьттина цуьнан кхолламехь. Мел тишачу хьолехь яра тахана цо куьйгалла ден музей, С.Темирбулатова цу учрежденин куьйгалле хIотточу муьрехь. Цхьа декъаза цIе яр-кх, цкъа мацах оьрсийн эпсар Аким Васильевич Хастатов Iийна бохуш. Цуьнан хIусамненан Екатерина Алексеевнин йишин, Елизавета Алексеевнин йоьIан кIант хилла М.Ю.Лермонтов цкъа-шозза бераллехь кхаьчна олура цу хIусаме. Бакъду, хIара директор дIахIотторах Iаламат доккха беркат делира, заманан йохалла зуламечу мехаша беркъа баьккхинчу цу бенна. Кир-басарца серлабаьккхина, дуьнене орца дохуш, экспонаташ гулйина, нохчийн хьуьнаречу зудчо халкъана, махкана юьхькIам болуш, музей йина дIахIоттий и хено тишбина кхерч. 2014-чу шарахь дерриге а дуьнено М.Ю. Лермонтовн 200-шо кхачар даздеш, къоман дозалла хилла лаьтташ яра и музей. Темирбулатова Светланин догцIеналла, хьанал къинхьегам, доза доцу хьуьнар дара цу зовкхе вай кхачийнарг. Шайн са, дегI ца кхоош, адамийн дуьхьа къахьега ницкъ кхачар Делера деза-доккха совгIат хетачу вайн оьздачу йижарех цхьаъ ю иза. Иштта адамаш вайн махкахь мел ду, сагатдан ца оьшу къоман кханенан.
А.АРАПХАНОВА
№96, еара, 27 август, 2015 шо