Де дийне даларца алсамдолуш ду вайн мехкан а, дозанал арахьарчу мехкийн а туристашна хилла ца Iаш, амма могIарерчу бахархошна а Нохчийчоь а, цуьнан Iаламан исбаьхьаллаш а йовза лаар а, цаьрга долу церан хьашт а. Цуьнца доьзна тIеттIа алсам нах богIу вайн республике. Цара тамашбо Нохчийчоьнан сурт хуьйцуш, карладоккхуш, дIахIуьттучу гIаланех, яртех, къегаш долчу урамех, керла йинчу а, тIе еш йолчу а гIишлойх. И дерриге а шайн бIаьргашца ган лаьа царна. Оцунна пайдаоьцу шайна нисъеллачу ерриге а таронех.
Иштта, хIокху деношкахь Къоьзан Iома тIехь хилира Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 64 шо кхачарна лерина долу хи тIехь нека деш дуьненаюкъара къийсадаларш. Уьш дIадаьхьира Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето гIо а лоцуш.
Къийсадаларшкахь дакъалаца веанера Россин тайп-тайпанчу регионашкара 56 стаг. Дакъалацархойн хенаш дозатоьхна яцара. Цундела хи тIехь нека деш, дIабоьлхучаьрга Iоман берда йистера хьуьйсуш болчарна гора 13 шо долу уггаре а къона дакъалацархо а, шайх уггаре а воккхачун 73 шо долу баккхийнаш а. Къийсадаларийн дакъалацархойн толам баккха йолу таронаш цхьанийсса хилийтархьама, корматаллин некадархой къийсадаларшна юкъа ца бахийтира. «Къийсадаларийн коьрта башхалла яра корматаллин спортсменашка дакъа цалацийтар», – элира Нохчийн Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитетан векала.
Къийсадаларийн дакъалацархой дIаязбинчул тIаьхьа церан могашалла толлуш, цаьрга бIе метр нека дайтира. Медикаша къастийра Iома тIехь нека даран атта доцу хьелаш хьаьнга лалур ду. Муьлх-муьлха а стаг вац 17 градус долчу хи тIехь нека деш дIаваха ницкъ кхочур болуш.
Къийсалуш болчеран кхерамазаллина кхачоеш вара Нохчийн Республикин МЧС-н Коьртачу урхаллера 20 белхахо. Уьш нека деш дIабоьлхучеран новкъахь шишша стаг дIахIоьттина вара, кийчча лаьтташ дара мотораш йолу 2 хикема а.
Могашаллин хьоле хьовсарх цхьаберш чекх ца бевлира. Масех стаг къийсадаларшна юкъара дIаваккха дийзира.
Цул тIаьхьа нека деш, дIаваха ехха геналла билгалйира – 1000 метр. Цхьана бердайистера вукха бердайистана тIекхаччалц – 500 м, тIаккха юха а. Шийла хи цхьаболчара ца лайра. Уьш хикеманна тIехь юхабалийра. Къийсадаларшна юкъара велира иттех сов стаг.
Нека деш, массарел а хьалхавелира Дагестан Республикера веана волу дакъалацархо Докаев Iамарбек. Толамхочунна 200000 сом ахча даларца совгIат дира. ШолгIачу метте велира Нохчийн Республикин векал Юховский Иван. Цунна 100000 сом кхечира. Ткъа кхоалгIа совгIат – 50000 сом – Дуьненаюкъарчу къийсадаларийн уггаре а къоначу, Нохчийн Республикерчу 13 шо долчу Исмаилов Мохьмадна кхечира.
ЙоьалгIа меттиг яьккхинчу ГIалгIайн Республикера волчу Яндиев ИбрахIимна а, пхоьалгIа меттиг кхаьчначу Дадашев Абубакарна а хIоранна а 25000 сом ахча делира. 10000 сом ахча делира къийсадаларийн уггаре а воккхачу а, уггаре а къоначу а дакъалацархошна.
Къийсадаларш чекхдевллачул тIаьхьа церан дакъалацархошна шун хIоттийра, концерт а гайтира.
С.МАМАЕВ
№96, еара, 27 август, 2015 шо