«Единая Россия» партин Нохчийн региональни кхочушдаран комитето А-Хь.Кадыровн цIарахчу региональни юкъараллин фондан а, Гуьмсан муниципальни районан администрацин а гIоьнца, Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу буоберийн а, ден-ненан Iуналла доцуш дисинчу берийн а йолчу школа-интернатан берашна хазахетар дира Гуьмсерчу ООО «Айсберг» хладокомбинате а, аквапарке а уьш дигарца. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан А-Хь.Кадыровн 64 шо кхачарна лерина вовшахтоьхна дара и гIуллакх.
Кхетош-кхиорхоша Iуналла а деш, шовзткъа бер дара цига дигнарг. Хьалха уьш «Айсберге» бахара. Хладокомбинатан технолога довзийтира берашна оццул царна дукхаеза морожни муха йо. Амма берашна синтем бацара, хIунда аьлча царна сихха морожнин чам баккха лаьара…
Iаббалц уьш йиъна, хладокомбинатан куьйгаллина шайна иштта дика хьошалла дарна баркалла а аьлла, аквапарке дIадахара бераш.
Цигахь къаьсттина самукъадаьллера церан. Кхерамазаллин жилеташ тIе а юьйхина, уггаре а хьалха хикеманаш тIехь а, «Лебедаш» тIехь а хахкаделира бераш. Шаьш хикема хахка Iама а гIерташ, пийсагаш хьоькхуш.
Цул тIаьхьа аттракционе дIадахара бераш. Уггаре а царна хазахеттера машенаш тIехь хахкалуш. Картинган трасси тIехь машенаш хохкуш йоккха говзалла гайтира бераша.
КIенташна а инзаре хеташ йолу аттракционаш харжарца цхьадолчу зудабераша цецбаьхнера кхетош-кхиорхой. Шина сохьтехь сов каруселаш тIехь хехкалуш, самукъадаьккхира бераша.
Цигара юхадирзича «Единая Россия» партин Нохчийн региональни отделенин кхочушдаран комитетан говзанчаша мерза хIуманаш чохь йолу тIоьрмигаш дийкъира берашна. Церан куьйгалхочо Зайналабдиев Валида дийцарехь, и тайпа гIуллакхаш сих-сиха дIахьо цара.
«Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента А-Хь.Кадыровс боккха тидам тIебохуьйтура буоберийн а, да-нана доцуш дисинчу берийн а терго ярна. Тхайн ницкъ ма-кхоччу, тхо а хьовсу оцу берийн самукъадер долу гIуллакхаш вовшахтоха. Иштта оха гIо до халабохкучу доьзалшна а.
Таханлерчу дийнахь бераш кхуза дало транспорт яийтинчу вайн республикин транспортан а, зIенан а министерствона а, иштта дIасадоьлхуш кхерамазалла ларъян экипаж яийтарна МВД-н УГИБДД-на а баркалла ала луур дара суна», – элира В.Зайналабдиевс.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№96, еара, 27 август, 2015 шо