«Иэсан некъаца»

   Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна леринчу «Иэсан некъаца» аьлла йолчу хIора шеран 6-чу конкурсан жам1аш дар дIадаьхьира Нохчийчоьнан экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон актови залехь.

  Республикин «Молодежная смена» газето вовшахтоьхна йолу конкурс Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан, республикин экономикин, мохк кхиоран махлелоран министран Магомадов Iабдуллин гIоьнца дIаяьхьна ю.

Конкурсан  жам1аш деш, вистхилира Магомадов Iабдулла: «Конкурсан коьрта Iалашо яра ницкъ ма-кхоччу вайн хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас лелийна гIуллакхаш кIорггера йозанца гайтар. Цо кIезиг йолчу хенахь хьалха дешар, шолгIа могашалла Iалашъяр, кхоалгIа социальни дакъа меттахIотторехь дикка кхиамаш бехира. Конкурсехь дакъалаьцначара и схьа а гайтина вайна».

– Магомадов Iабдулла уггаре а оьшучу хенахь дика накъост, доттагI хилла юххехь лаьттина ву Ахьмад-Хьаьжина, цундела цо хIара тайпа конкурс вовшахтохар тамашийна хIума дац, – элира шен къамелехь Умаров Джамбулата.

Цул тIаьхьа совгIатан меттигаш билгалъехира. «Жюрин леррина совгIат» дира Саралиева Табарикна. Цуьнан «Гуттаренна а иэсехь» аьлла йолу публикаци дипломаца билгалъяьккхира, ноутбукца совгIат а дира.

КхоалгIа меттиг «Ахьмад-Хьаьжин некъ» аьлла статья язйинчу Хасаханов Исламна елира. Фотоаппаратца совгIат а дира цунна.

«Освоение. От Камчатки до Кавказа» аьлла йолчу публикацин автора Хан Викторияс шолгIа меттиг яьккхира, плазменни телевизор елира цунна совгIатна.

Хьалхара меттиг яьккхира «Миротворец. Созидатель. Патриот» цIе йолчу статьян автора Хасиев Сайд-Эмис. Цунна ахчанца (100 000 сом) совгIат дира.

Иштта, жюрин декъашхошна Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министран заместительна Осмаева Бриллиантана,  «Даймохк» газетан коьртачу редакторна Шамсудинов Бувайсарна, Къоначу корреспондентийн къоман  школин директорна Юнусов Хьамзатна мехала совгIаташ дира.

Цхьаьнакхетар дерзош, Шамсудинов Бувайсара билгалдаьккхира: «Хьалхарчу шерашкахь иттех статья бен ца хуьлура,  конкурсе  яийтинарг, хIокху шарахь 50 сов статья яра, уьш даггара язйина яра. Нохчийн маттана тIе лерина тидам бахийтина хилар а чIогIа мехала хийтира суна. Дала тIаьхье беркате йойла  хIокху мехалчу гIуллакхан».

Хь.АВХАДОВА

 №96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: