Цхьа-ши дош…

Газ Iалашъеш йолу меттиг иккхина ОвгIанехь. И бохам хилар бахьанехь итт бер кхелхина.

           ***

48 сохьтехь дийцарш дIадаьхьначул тIаьхьа Къилба Корейн а, КНДР-н а куьйгалхойн барт хилла герзашца вовшашна дуьхь-дуьхьал латтар дIадаккха. Вовшашна къинтIера а бевлла уьш.

           ***

Хонкаран Президента Р.Эрдогана дIахьедина махкахь хенал хьалха парламентан харжамаш дIахьуриг хилар.

          ***

«Brent» маркех долчу мехкадаьттанан мах кху деношкахь мелла а лакхабаьлла. Цхьана баррелах 44 доллар доккху. Цуьнца доьзна лору Россехь доллар а, евро а кIеззиг дайдалар.

         ***

Литвас Еврокомиссин куьйгалхошка 50 миллион евро дехна шурех гIуллакхдаран декъан гIолацаран Iалашонца. Россис йина санкцеш бахьанехь боккха эшам хилла оцу декъана.

         ***

Санкт-Петербургерчу «Hyundai» заводехь дIадолийна Мисарна а, Ливанна а лерина машенаш арахецар.

         ***

Индина 151 МИ-1785 вертолет дохкаран хьокъехь бина барт хIара шо чекхдалале кхочушбийр бу Россис.

***

Украинин Iедалан эскарша даккхий герзаш диттина Донецкан республикин  цхьамогIа гIаланашна, Минскехь бинчу бартаца дихкина доллушехь. Герзаш деттар бахьана долуш, маьршачу шина стеган кхалхар хилла.

         ***

Чинин а, Россин а тIеман Iамораш дIахьош ду Приморски крайхь. Цигахь дакъалоцуш бу тIеман-хIордан а, хIаваан а ницкъаш.

                                                 ***

Россин Президента В.Путина дакъалецира дуьненаюкъарчу авиационно-космически «МАКС-2015» салонехь. Иштта цигахь дакъалецира 23 пачхьалкхерчу 800 компанин векалша.

         ***

Челябински областехь некъан-транспортан бохам хилла. Оцу бохамехь ялх стаг кхелхина. Бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду талламан гIуллакхаш.

         ***

Дагестанехь хIаллаквина «Хасавюртовски» бандтобанан куьйгалхо Мурадов Ислам. Иза бехкевеш ву «иблисан пачхьалкхан» гIолацарна а, Дагестанехь цхьамогIа къиза зуламаш дарна а.

 №96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: