ХIокху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмтеатрехь «Даймохк – сан деган илли» цIе йолу поэзин суьйре дIаяьхьира. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан (Дала гIазот къобалдойла цуьнан) Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна совгIатна лерина яра иза. Ткъа уггаре а коьртаниг – цу башхачу стеган кхолларалла яра суьйренан бухе йиллинарг. БIешерийн кIоргенера шен оьздангаллах ца юхуш, таханене схьакхаьчначу Нохчийчоьнах ю Ахьмад-Хьаьжин башха поэзи. Халкъах, махках доглозуш, карзахъюьйлу шен экаме ойланаш ю цо йозанан хьаьркашка ерзийнарш. Царех говза пайдаэца кхоллараллин ницкъ кхаьчна оьрсийн драмин театрерчу актерийн. Сцени тIехь хьовсархойн кхиэле йиллинарг литературин-музыкальни композици ю. Къеггина похIма долу актераш, иллиалархой бу цу юкъахь дакъалоцуш. Проектан автор ву Нохчийн Республикин искусствон хьакъволу гIуллакххо Аюбов Муса. Режиссер-постановщик Хамзатов Ахьмад ву. Проектан Iуналла динарг Дааев Вахахьаьжа ву. Композицин хьовсархойн кхиэле йиллале, театран коллективо дукха къахьегна хьакъ долчу тIегIанехь иза дIаяхьа. Цунна тоьшалла ду хIотторан декъан куьйгалхо волчу Мишаев Рудольфа йина сценографи. Шен синхаамаш бовзуьйтуш Ахьмад-Хьаьжас язйина чулацаме байташ дIайоьшу театран актераша. Ткъех сов актер ву уьш йоьшуш. Поэзин суьйренан исбаьхьаллин тIеIаткъам чIагIбо Нохчийн Республикин халкъан артиста Межидов Сахьаба, кхечу иллиалархоша дIаолучу иллеша. Суьйренан уггаре а боккха кхиам санна билгалбаккха луур дара, Нохчийн Республикин хьакъволчу артистан Темишев Султанан актерски болх. И шозза гучуволу сцени тIехь. Дуьххьара Кадыров Ахьмад-Хьаьжас язйина «КIанте Рамзане» цIе йолу байт йоьшуш. ТIаккха Россин Турпалхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана язйина «Дела реза хуьлда хьуна» цIе йолу байт йоьшуш. Суьйре ерзайо Бакаев Анзора дIаолучу «Къонахчун дош» цIе йолчу иллица. Хьовсархошна юкъахь вара Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хожа-Бауди. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира оьрсийн драмин театро дика болх бина хилар а, и тайпа суьйренаш кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран болх дIабахьарехь вайна оьшуш хилар а.
А.ДАЧАЕВА
№96, еара, 27 август, 2015 шо