Соьлжа-ГIалахь – дуьненаюкъара турнир

Соьлжа-ГIалахь чекхъяьлла Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 64 шо кхачарна лерина хилла латаран Дуьненаюкъара «Ахмат» Грозная битва VI» турнир.

Цигахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар, республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, республикин Правительствон Председателан заместитель – Россин Федерацин Президент волчохь Нохчийн Республикин юьззина бакъонаш йолу векал Таймасханов Бекхан, республикин экономически а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретарь Усмаев Вахьид, кхиберш а.

Къийсадаларийн суьйренехь сийлахь хьеший бара тхэквондон ерриге а кепийн Дуьненаюкъарчу Федерацин (АТF) президент Ковалев Сергей, Россин тхэквондон ерриге а кепийн Федерацин президент Маняк Николай, Олимпийски ловзарийн кхузза чемпион, дуьненан а, Европин а йолхазза чемпион Сайтиев Бувайсар, иэйинчу кепашкахь латаран Россин бIаьхо, панкратионехула Европин чемпион, буй-тIара еш латарехула Евразин чемпион, цуьнан Кубок яьккхина волу, бIаьхаллин самбохула дуьненан шозза чемпион, Россин чемпион, грепплингехула NAGA-н дуьненан чемпионатан толамхо Нурмагомедов Хьабиб, кхиберш а.

Турнирехь цхьайтта латарехь билгалбевлира толамхой. ХIора латарехь дакъалецира Республикин спортан «Ахмат» клубан спортсменаша.

Кикбоксингехула  дег1ан йозаллин уггаре а лакхарчу категорехь хиллачу коьртачу цхьаьнакхетарехь кхозлагIчу раундан 33-чу секундехь технически нокаут ярца Суринамерчу Лондт Исмаэлна тIехь толам баьккхира «Ахмат» клубан векала Бадр Харис. Шен толам цо Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо А-Хь.Кадыров винчу денна лерира.

70,3 кг йозаллин барамехь Бетергараев Зураба (Росси, «Ахмат» клуб) кхозлагIчу раундехь суьдахойн сацамца эшийра Аргентинера бIаьхо Бонавери Эстебан, Яхьяев Расула («Ахмат» клуб) – Бразилера Рикардо да Силве.

61,2 кг йозаллин барамехь Дудаев Рахьмана хьалхарчу раундан 51 секундехь толам баьккхира бразильцана Сидни Лесса де Оливейрна тIехь. Иза оцу суьйранна уггаре а сиха баьккхина толам бара.

Асхабов Хьасан «Ахмат» клуб эшийра латарехь доккха зеделларг долчу Бразилерчу Франк Гермеса.

77,1 кг йозаллин барамехь «Ахмат» клубан векала Вагаев Абубакара эшийра Германера бIаьхо Трушечкой Ивица.

Оццу йозаллин категорехь Ушуков Беслана эшийра бразилхо Соуза Сержио,  84 кг йозаллин барамехь Абдурахманов Саламус – Бразилера Андраде Чарльз, Устарханов Аптис – россихо Белошапкин Сергей, Латверчу боксера Бриедису Маирисус – «Ахмат» клубан векал волу Сирера схьаваьлла немцойн латархо Чарр Мануэль.

93+ кг йозаллин барамехь Самедов Забита толам баьккхира боснийски б1аьхочунна Потурак Джевадина т1ехь.

Къийсадаларшкахь соцунгIа хиллачу хенахь тхэквондон ерриге а  кепийн Дуьненаюкъарчу Федерацин президента Ковалев Сергейс а, Россин тхэквондон ерриге а кепийн Федерацин президента Маняк Николайс а Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна делира тхэквондохула долу 1аьржа доьхка а (ворхIалгIа дан), тхэквондон дашо мидал а. Уьш цунна елла и бIаьхаллин искусство кхиорна. Цара Р.Кадыровна иштта делира цIе язйина долу сахьт а, запонкаш а, галстук а, дабок (кимоно) а.

Латаран шоу дIаяьхьира Россин спортан гIуллакхаш дIахьош волчу ринг-анонсера Загорский Александра а, PRIDE-н дашочу озо Хардт Леннес а.

С.ТУРАЕВ

 №96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: