Шуьйтахь – керла фабрика

Шуьйтахь даздаран хьолехь схьайиллина бедарш тегаран фабрика. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, Нохчийн Республикин муфти Межиев Салахь-Хьаьжа, кхиберш а.dsc_0040

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

 

Р.Кадыровс билгалдаьккхира, оцу тайпанчу хиламаша вайн махкахь  белхан меттигаш алсамйохург хилар.

– Коьртачу декъана вайна хьалха лаьттарг белхазалла дIаяккхар а, экономика лакхаяккхар а ду. Вай цу декъехь дуккха а гIуллакхаш дан а дина. Республикехь бIеннашкахь белхан меттигаш а хилийтина. ХIокху фабрикехь 150 стагана белхан меттиг хир ю, – элира цо.

Республикин Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира вайн махкахь дуккха  а тайп-тайпанчу белхийн говзанчаш оьшуш хилар а, цундела берийн дешарна тIехь къаьсттина чIогIа само ян езар а.

– Ши тIом хиллачул тIаьхьа, Шуьйтан  к1ошт чIогIа йохийна, хIаллакйина, ягийна яра. Тахана, хьалха – Делан а, шолгIа – вайн хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, хьан а беркат бахьанехь хIара район хазйина тойина ю. Маьждигаш, хьуьжарш, школаш, культурин объекташ, ерриге  а юхаметтахIиттийна, бIеннаш цомгашчу адамашна дарба дайтина. Дела реза  хуьлда хьуна, Рамзан Ахматович!  – элира Шуьйтан муниципальни к1оштан администрацин куьйгалхочо Чабагаев Шадида.

Фабрикин т1аьхье беркате хилийта до1а дойтуш, дош делира Межиев Салахь-Хьаьже.

– Абу-Бакр Варраб бохуш цхьа эвлаяъ хилла (Дела реза хуьлда цунна). Цо аьлла: «Шайн мохк толуш, хазлуш, кхуьуш дIахIоьттина хилахь, шуна хаалаш, шайна тIехIоьттина волу паччахь беркате вуйла. Иштта цо аьлла: «Нагахь санна, шуна юкъахь долу дин оьшуш, галдаьлла доьдуш делахь, шуна хаалаш, шайна юкъара Iеламнах динехь галбевлла боьлхуш буйла. Уьш талхар, церан дуьнене сатасар, алсам йолу ойланаш дуьненна тIетийжаш хилар ду, аьлла цо. Къомана юкъара хаза гIиллакхаш, Iадаташ дIадовлуш шуна гахь, оцу къоман Делан дуьхьа лелар дIадаьлла». Ткъа тахана, вайн махкахь долу сурт схьагича, оцу Абу-Бакр Варраба  аьлла ма-хиллара, мохк хазбаларца, кхуьуш хиларца ваьшна тIехIоьттина волу паччахь беркате хилар хаьа вайна. Дала цу тIехь диканца бекхам а бойла цунна,  – бохура Нохчийчоьнан муфтис С-Хь.Межиевс.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Ш.Чабагаевна совг1ат дира «Нохчийн Республикин  дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал яларца.

Цул тIаьхьа, керла йинчу бедарш тегаран фабрике а хьовсуш, буьйлабелира хьеший.

И.МАТАГОВ

№96, еара, 27 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: