В.Путина, Мухьаммад Аль-Нахайяна, Р.Кадыровс дакъалецира «МАКС-2015» авиасалон схьаелларехь

Россин Президента Путин Владимира дакъалецира Дуьненаюкъара авиационно-космически «МАКС-2015» салон схьаелларехь. Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн тIаьхьенан принцаца Мухьаммад Аль Нахайянца а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца а, официальни цхьамогIа кхечу нахаца а цхьаьна иза хьаьжира Россин авиационни промышленностана лерина йолчу павильоне.55dcea30551b0_1440541232

Россин Президента дIахаийтира, дуьненахь долчу политически хьоле ца хьоьжуш, Дуьненаюкъара авиационно-космически  салон тIейогIучу хенахь а вовшашца цхьаьна гIуллакхаш даран пайдехь майда хирг хиларх ша тешна хилар.

«Со тешна ву карарчу хенан дуьненаюкъарчу политически къийсамех дозуш доцуш, МАКС, хьалха а санна, экспертни уьйрашна а, производственни коопераци кхиорна а, керла партнераш лахарна а пайдехь таро хирг хиларх», – элира цо.

В.Путина иштта билгалдаьккхира «аэрокосмически индустрехь пайдехь цхьаьна гIуллакхаш дарна Росси йиллина хилар».

«Россин пассажирски а, транспортан а хIаваакеманаш чоьхьарчу а, арахьарчу а рынкехь кхин а жигара юкъадаха ойла йолуш ду тхо, тхешан мехкан башха космически ницкъ оха алсамбоккхур бу, чIагIдийр ду тIеман авиационни техника арахецарехь тхаьш хьалха хилар», – билгалдаьккхира пачхьалкхан куьйгалхочо.

Билгалдаккха деза Дуьненаюкъара авиационно-космически МАКС салон дуьненан уггаре а яккхийчарех цхьаъ хилар. ХIокху шарахь МАКС-хь гойтуш хир ю Россин 584 а, дозанал арахьарчу 30 пачхьалкхерчу 156 а корпорацийн а, компанийн а продукци.

Авиасалонан коьрта Iалашо ю Россин лаккхара технологеш а, дозанал арахьарчу партнерашца цхьаьна йолчу проекташна Россин рынок схьайиллина хилар а гайтар.

 №96, еара, 27 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: