Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин иэсана лерина «А» классан боксехула йолу Дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалецира дозанал арахьарчу юххерчу а, генарчу а 11 пачхьалкхан векалша.
Спортан «Олимпийск» комплексан зал пхеа дийнахь адамех юьзна яра. Боксехула долчу къийсадаларшка хьовсархьама, республикин уггаре а генарчу ярташкара а тIехь баьхкира спортан и тайпа дезархой. Лаккхара сий-ларам болчу оцу турнире ворхIазлагIа гулбелира тоьлашха болу боксераш, Европин а, дуьненан а къийсадаларшкахь толамаш баьхнарш.
Чекхъяьллачу турнирехь 130 дакъалацархо – вовшахтоьхна 11 команда яра. Турниран хьашташ кхочушдеш бара дуьненаюкъарчу классан суьдхой. Спортан «Ахмат» комплексан Гуьмсерчу филиалан директора Абдулвадудов Iумара билгалдаьккхина ма-хиллара, турнир къаьсташ яра къийсалуш берш кечбар а, цхьаьнакхетар дIадахьар а лаккхарчу тIегIанехь хилла хиларца.
Къийсадаларийн жамIашкахула Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командо хьалхара меттиг яьккхира, 6 спортсмено чемпионан даржаш дехира, цхьанна шолгIа меттиг кхечира. Командашна юкъахь шолг1а меттиг Узбекистанан а, кзозлагIа меттиг Турцин а вовшахтоьхначу командаша яьккхира.
С.ЛАЛАЕВ
№97, шот, 29 август, 2015 шо