ХIокху деношкахь Казахстанан столицехь Астанахь дIайолаелла дзюдохула йолу дуьненан 30-гIа чемпионат. Нохчийн Республикин дзюдон Федерацин вице-президента Данаев Ахьмада хаам бина ма-хиллара, Россин вовшахтоьхначу командина юкъахь ву нохчийн дзюдоист Европин чемпионатан толамхо Бисултанов Iадлан.
Чемпионате веана 120 махкара 432 боьрша стаг а, 297 зуда а. Къийсадаларшкахь дакъалоцуш бу Францин, Германин, Японин, Кореян, Монголин, Голландин, Россин векалш.
Турнир ворхI дийнахь дIахьур ю: 24-чу августера 30-гIа август кхаччалц.
Билгалдаккха деза Олимпийски ловзаршка баха лууш болчу дзюдоисташна дуьненан чемпионатехь хьалхара меттиг яккхар шайн рейтинган счет тIеюза дика таро хилар. Дуьненан чемпионатехь хьалхара меттиг яккхаро толамхочунна 900 очко лур ю, уьш олимпийски толамхочунна лучул 100 баллана бен лахара яц. Дуьненан чемпионатехь шолгIа меттиг яьккхинчу толамхочунна 540 балл, кхозлагIа меттиг яьккхинчунна 360 балл лур ю. Цул сов, дуьненан чемпионатан йоккха совгIатан фонд а. Вайн махкахочун латар хир ду тахана, 29-чу августехь. Дала аьтто бойла цуьнан.
«Грозный-информ» агентство
№97, шот, 29 август, 2015 шо