Дийцаре дира нохчийн мотт хьехарца доьзна гIуллакхаш

Кху деношкахь Соьлжа-Г1аларчу №106 йолчу юккъерчу школехь цхьаьнакхийтира республикера тайп-тайпанчу школашкара нохчийн меттан хьехархой: Цуцаев 1алавди, Ташаев Джовхар, Дадаева Зараъ, Тозабаева Тамара, Абдулхамидова Лиза, Хачукаева Киса, Бисултанова Лиля, Байсултанова Пет1амат, Хасханова Седа, Давлетукаева Пет1амат, Эльмуратова Зулпа, Мусаев Хьамзат, Садулаева Айза. Иштта цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш яра евзаш йолу яздархо Айдамирова Машар, дика евзаш йолу нохчийн меттан хьехархо-методист Вагапова Асет а.

Снимок

Дешаран шо доладалале хьалха вовшех дагабовла а, ган а, марзо  эца а 1алашо йолуш вовшахкхеттера хьехархой. Цара дуккха а дийцира нохчийн маттах а, литературах а лаьцна. Дийцаре дира школашкахь нохчийн мотт, литература хьехарца доьзна гIуллакхаш.

Вовшашкара дуккха а  пайда а оьцуш, тайп-тайпана нохчийн произведенеш йийцаре еш, Айдамирова Машара шен дех, Нохчийн Республикин халкъан яздархочух Айдамиров Абузарах лаьцна деллачу хаттаршна жоьпаш луш, кхидIа а дIаьдаьхьира цхьаьнакхетар. Гулбеллачийн барт хилла иштта дагадовларш кест-кеста  дIадахьа.

БЕРГОЕВА Аза

№97, шот, 29 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: