Соьлжа-ГIаларчу №11 йолчу юккъерчу школин кхетош-кхиоран декъехула директоран заместитель а, вайнехан этикин хьехархо а йолчу Бексултанова Седас, ша хIора дешархочунна хьалха жоьпалле а хеташ, дика а, хьанал а кхочушдо шена тIедехкина декхарш.
Бексултанова Седа дуьнен чу яьлла 1986-чу шеран сентябрь беттан 16-чу дийнахь Новочеркасскехь. Цуьнан ден ВахIидан а, ненан Асетан а доьзалехь ялх йоI кхиъна. Новочеркасскера 1993-чу шарахь цIа а боьрзий, шайн дай баьхначу ТIехьа-МартантIехь баха ховшу БексултановгIеран доьзал. Оццу шарахь йоьду Седа хьалхарчу классе деша а.
Школехь доьшуш йолчу хенахь С.Бексултанова школин юкъараллин дахаран йоккха жигархо яра. Иштта школехь а, ТIехьа-Мартан районехь а хуьлучу дерриге а гIуллакхашкахь дIахьош йолчун декхарш кхочуш деш хуьлура иза. Лаккхарчу тIегIанехь дIа а хьора цо уьш.
2004-чу шарахь, ТIехьа-МартантIера №3 йолу юккъера школа дато мидалца чекх а йоккхий, Седа деша йоьду Соьлжа-ГIаларчу №2 йолчу пачхьалкхан дешаран корматаллин училище гIуллакхашлелорхочун (делопроизводитель) корматалла караерзо. Дешарца тIехдика ларорна а, муьлххачу а гIуллакхан дика вовшахтохархо хиларна а училищан куьйгалло 2005-чу шеран сентябрехь гIуллакхашлелорхочун балха хIоттайо С.Бексултанова.
Даима а керлачунна тIегIерташ йолу Седа 2007-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша йоьду. 2013-чу шарахь чекх а йоккху цо иза.
2008-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу №11 йолчу юккъерчу школехь 5–7-чуй а, 10–11-чуй а классашна вайнехан этика хьоьхуш дIаболабо С.Бексултановас хьехархочун болх. Жимма хан яьлча, кхетош-кхиоран декъехула директоран заместителан дарж тешадо ша дика вовшахтохархо хилар гайтинчу йоIах.
«Баккхийнаш лара, шайн дайн Iадаташ ларде», бохуш хьехарш дора тхуна дас-нанас. Иштта бусалба динехь дерг а, ламаз-мархица дерг а лардойтура. Уггаре а хьалха Везачу Далла гIуллакхдар, Иза резавар дахаран Iалашо а йолуш еха со», – дуьйцу Седас.
Дас-нанас дина хьехарш лардеш хилар билгало ю таханлерчу дийнахь Седа вайн нохчийн къоман хаза гIиллакхаш, Iадаташ тIекхуьучу тIаьхьенна хьоьхуш иза хилар. ХIора дешархочунна хьалха ша декхарийлахь а хеташ, царна гIиллакх-оьздангалла хьоьхуш схьайогIуш ю иза таханлерчу дийнахь.
2014-чу шарахь Нохчийн Республикехь дIаяьхьначу V-чу республикански «Къона хьехархо» конкурсан финалист а хилира С.Бексултановах.
Къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорехь хьанал къахьегарна а, школин а, районан а юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а цунна совгIаташ дина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан а Баркаллин кехаташца а, районан администрацин куьйгалхочун Сийлаллин грамоташца а.
Бексултанова Седа оьшучунна юххе хIотта дика а, тешаме а накъост ю. Мел жоьпалле тIедиллар а лаккхарчу тIегIанехь кхочушдийр долуш а ю.
Л.ДАУТОВА
Авторан сурт
№97, шот, 29 август, 2015 шо