Терахьаша чIагIдо…

223900 тонна гергга кенан буьртиган ялта чуэцна республикин агропромышленни комплексехь хIокху аьхка. Иза дарца керлачу дозанашка кхаьчна латталелорхой: оццул ялта ца гулдина  вай долчохь цкъа а.

c2RlbGFub3VuYXMucnUvdXBsb2Fkcy80LzUvNDUzMTM3MTcxMjczNC5qcGVnP19faWQ9MzUyNTQ=

ХIун гойту оцу терахьо? Уггаре а хьалха адамийн хьуьнар,   шайна хьалха хIоттийначу декхарца ларо церан ницкъ кхочург хилар, лаьтте болу безам, лаккхара корматалла хилар. И дерриге цхьаьнатохаро таро хуьлуьйту шеца тоъалчу барамехь токхонаш цахилар бахьанехь дикка якхделлачу лаьтта тIехь тIеттIа керлачу лакхенашка кхача. Иза къеггина гойту дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьо а – дIадаханчу шарца дуьстича, хIинцца шен чаккхене йирзинчу ялташ чудерзоран компанехь гулдина буьртиган ялта 60 эзар тонна алсам ду. ХIинца а чуэцаза йолу хьаьжкIаш, дуга хьесапе эцча (къаьсттина йоккха дегайовхо йолуш бу латталелорхой дуганах) и терахь дикка лакхадериг хиларан цхьа а тайпа шеко яц.

– Дуьйцийла яц, оцу кхиамашна юкъа коьрта хазна йиллинарш адамаш ду, – дийцира регионан юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран, химизацин, ораматаш ларъяран отделан куьйгалхочо Вараев Мансура. – Чекхбаьллачу муьро иза кхин цкъа а чIагIдира. ХIинццалц хIора шарахь буьртиган ялташ чудерзор беттанашка дахлора. Тайп-тайпана дара цуьнан бахьанаш: техникин къиэлла, Iаламан хьелаш, кхеташ ма-хиллара, адамийн вовшахтохаралла. Цу тIе дIадуьйш дерг дикалла кхоччуш таллаза, арахьара деана хIу хуьлура.

Ма-дарра аьлча, хила тарлуш йолчу тIаьхьенашка хьовсар доцуш дIадоьра иза аренашка. Коьртачунна уьш дара республикехь буьртиган ялтин барам алсамбаккхарна новкъарло еш дерш.

Ведомствехь чIагIдеш ма-хиллара, оцу сакхтечу гонна юкъара довлархьама оьшуш дерг дIадуьйчу хIуьнна тидам тIебахийтар дара. Масех шо хьалха юьхьарлецира и некъ, бакъонца агропромышленни комплексехь массеран юкъара гIуллакх хилла дIахIоьттира,  Iаламат яккхий харжаш а еш, арахьара эца ца дезаш, регионехь шен хIу хилийтар. Кхузахь билгалдаьккхича нийса хир ду аьлла хета дIаяханчу гурахь вайн аренашкахь дIадийнарг коьртачу декъана вешан хIу хилла хилар. Цуьнан тIаьхье яра дIадаханчу шеран Iаламан Iаламат чолхечу хьелашкахь (ялташ чудерзо долийначу юьххьехь дуьйна догIанаш ихира) вайн аренашлелорхойн ницкъ кхечира 163 эзар тоннал алсам кенан ялта чуэца. Оцу гайтамаша даггара тешийра уьш юьхьарлаьцначу новкъахь карахь болчу гIирсашца а тIеттIа керлачу дозанашка кхача таро хирг хиларх.

– Цунна тоьшалла хилира хIара аьхке, – кхидIа а дуьйцу М.Вараевс. – ДIаяханчу гурахь берриге бахамашкахь регионехь даьккхина хIу дIадер, арахь болх болийначу хьалхарчу дийнахь дуьйна вовшахтохаралла лаккхара хилар бахьанехь ницкъ кхечира гуьйренан а, бIаьстенан а буьртиган ялташ чудерзор цхьана баттачохь чекхдаккха. Цуьнан коьрта жамI дара, буьззинчу барамехь иза дан ницкъ ца кхаьчнехь а, ялтин хIинццалц хуьлуш хилла дараш дикка лахдан. Техника тоьаш цахиларан, цу тIе дукхах ерг чIогIа тиша хиларан хьелашкахь латталелорхойн боккха толам лара богIу тахана болуш болу гайтамаш.

Билггалчу терахьашца чIагIдо говзанчас ша аьлларг. Иштта,  дийнна агропромышленни комплексехь хIора гектара тIера юккъерчу барамехь чуэцна 21,9 центнер буьртиган ялта я дIадаханчу шарахьчул 2,7 центнер алсам. КIай, муккхий ша-ша лерича, 150 эзар тонна гергга ду дерриге а гулдина кIа, 35 эзар тоннал сов – мукх. Ткъа цхьана гектарана леринчу хьесапехь кIен хьекъар 24,5 центнере кхаьчна, мекхан – 20, 3 центнере. Цу тIехь уггаре лакхара гайтамаш бу Курчалойн а, Хьалха-Мартан а районашкарчу латталелорхойн. Хьалхарчохь цхьана гектара тIера чуэцна 30,2 центнер кIа, ткъа шолгIачохь – 29,5 центнер.

Ма-дарра аьлча, Гуьмсан (I6,I цн), Невран (13 цн), Теркан (16,6 цн) районаш йоцчохь (йокъана хIоттар бахьанехь хаъал лахделира цушинхьа ялташ гулдаран терахьаш) дагна хьаам беш бу ялта чуэцаран юкъара  гайтамаш. ХIора шарахь ламасте дирзина схьадогIуш ма-хиллара, ялтин юкъарчу барамехула (майданаш алсам хиларан чоьтах) уггаре а лакхара гайтамаш Грозненски районерчу латталелорхойн бу. Шайн аренашкара цара чуэцна 36712 тонна ялта, хIора гектарана леринчу хьесапехь 21,9 центнер аренийн беркат а гулдеш. 9200 тоннал сов ду тIехьамартанхоша шайн бахамийн хьаьтташка дерзийна ялта. Итт эзар тонна гергга буьртиган ялта гулдарца шайн хьакъ йоллу хазна йиллина шелковчанаша республикин юкъарчу гайтамашна юкъа.  Хьалхарчу рогIехь шаьш гулдинчу 7800 тонна ялтех хIуьнна лерина ялта  дIаIалашдеш бу хьалхамартанхой. Тахана хIора районехь, хIора бахамехь кечамбан болийна гурахь хIу дIадерна. Сихдинна кечдеш ду иза, дикаллин кондицеш лабораторехь талла а толлуьйтуш.

Нийса хир дацара  регионан фермерша, агрохолдингийн латталелорхоша ялташ гулдарехь баьхна кхиамаш ца хьахош битича. Ткъа уьш бакъонца шайна тIе тидам бахийта хьакъ бу. Хьовсал шу. Фермерийн бахамашкахь а, арендаторша а шайгахь долчу латтанех I8 эзар гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера чуэцна 26,4 центнер  кIа, итт эзар гектарах хIоранна тIера 2I,2 центнер мукх. Ткъа дерриге а гулдина буьртиган ялта 90 эзар тонна гергга ду.

Юкъараллашна а, агрохолдингашна а юкъахь уггаре а лакхарчу гайтамашка кхаьчна I4 гектарал сов йолчу майданийн хIора гектара тIера 4I,3 центнер ялта гулдина йолу «Стандарт С» юкъаралла а, 4340 гектарах хIоранна тIера 36,9 центнер беркат чуэцна йолу «Шовда» агрохолдинг а.

– ХIора бахамехь а таро хир ю ишттачу гайтамашка кхача, – боху Вараев Мансура. – Вайн латталелорхоша юьззина кхачойина шайна агропромышленни комплексан аренашкахь оцу терахьашка кхача таро хуьлуьйтуш долчу хIуца. Оьшуш дерг латталелоран агротехника кхидIа а лакхаяккхарна тIехьажийна гIуллакхаш дар а, лаьттаца йолчу токхонийн барам алсамбаккхаран Iалашонца минеральни удобренешца кхачояр а ду. Цунах а, адамийн лаамах а доьзна хир ду юьртабахаман сурсаташ дахар кхидIа а алсамдаккхаре муха кхочур ду бохург.

ТIаьххьара а буьртиган ялташ чудерзоран компани дIаерзорца доьзна билгалдаккха дезаш кхин цхьаъ ду: юьртабахаман ведомствехь чIагIдарехь, хIокху гурахь дуьйна регионан ерриге а майданашка вай долчохь кхиийна хIу дуьйр ду. Цо, дуьйцийла йоцуш, хаъал доккха гIо дийр ду буьртиган ялтин хьекъар лакхадаккха санна, дийнна республикехь гулдеш долчу ялтин юкъара барам алсамбаккха а.

Л.АБУБАКАРОВ

№97, шот, 29 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: