ДIадаханчу бIешеран ткъолгIачу шерашкахь вайн махкахь Советийн Iедал дIахIоьттинчул тIаьхьа нохчийн къоман мотт, йоза, истори, литература, культура йовзийтаран а, кхиоран а доккха жоьпалла шайна тIеэцна, хьалхабевлира нохчийн халкъан интеллигенцин векалш. Уьш бара Эльдарханов Таьштамир, Ошаев Халид, Гайрбеков Муслим, Арсанов СаIидбей, Мамакаев Мохьмад, Музаев Нурдин, кхиберш а. Оцу могIарера вара Магомаев Хасмохьмад а.
Уьш кест-кеста цхьаьнакхетара. Церан къамелаш а, цара гIайгIа беш долу гIуллакхаш а хуьлура мотт, йоза, литература кхиорах лаьцна, оцу гIуллакхана пайдехь дерг лахар. |
…Магомаев Хасмохьмад вина 1909-чу шарахь Хьалха-МартантIехь. Дешна Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн техникумехь. 1930-чу шарахь Хьалха-Мартан районехь дешаран отделан инспекторан, ткъа цул тIаьхьа районон заведующин болх бина. 1932-чу шарахь Хасмохьмад Москварчу Центральни хьехархойн Iилманан-талламан институте деша хьажаво. Кхиамца дешна, 1936-чу шарахь чекхйоккху аспирантура. Москвара цIавеанчул тIаьхьа цо болх бо халкъан дешарехь.
Нохч-ГIалгIайн АССР-н Серлонан наркоман школийн урхаллин хьаькаман болх а бина. Хасмохьмада республикехь кегийрхошна дешар Iаморан а, уьш серлонехь кхетош-кхиоран а болх жигара дIахьо. Шен берриге а ницкъаш, хаарш оцу гIуллакхана дIало цо. Жигара юкъавоьду республикин юкъараллин дахарна. Москвахь доьшуш, шена деллачу хаарех буьззина пайда а оьцуш, юьхьанцарчу а, юьззина йоцчу юккъерчу а школашна нохчийн маттахь цо язйо учебникаш а, методикин магораш а. Цу хенахь иза доккха гIо дара гIаланашкарчу а, ярташкарчу а школийн хьехархошна.
Хасмохьмадна цхьатерра дика хаьара нохчийн а, оьрсийн а меттанаш. Оцо доккха гIо дира цунна исбаьхьаллин а, политически а литература нохчийн матте гочъярехь. Цо нохчийн матте гочйина йолу А.С.Пушкинан, Ю.М.Лермонтовн, И.С.Крыловн, кхечеран произведенеш нохчийн маттахь язйинчу учебникашна а, хрестоматешна а юкъаяхара. Оцу литературехь цо говза пайдаоьцура къоман фольклорах, нохчийн ширачу дийцарех, аларех, туьйранех, иллех, хIетал-металех. Царех цхьадерш гул а деш, нис а деш, цхьаццадерш ша яз а деш, зорбане дохура цо.
Хасмохьмад дика журналист а, гочдархо а, публицист а хилла ца Iаш, говза критик а вара. Тахана ширачу газетийн агIонаш луьстуш, кест-кеста нисло цо Мамакаев Мохьмадан, Музаев Нурдин, Муталибов Зайндин, Хамидов Iабдуллин, цхьамогIа кхечеран произведенийн хьакъ боллу мах хадош, язйина критически статьяш. Цу декъехь гайтаме ю Музаев Нурдин «Вайнахах дийцар» цIе йолчу поэмех лаьцна Хасмохьмада язйина, «Ленинан некъ» газетан 1959-чу шеран 14-чу январехь араяьллачу номерехь зорбатоьхна статья. Иза гIуллакх довзарца язйина а, боккха чулацам болуш а ю. Ала деза цуьнан иштта критически статьяш кест-кеста зорбане йовлуш хилла хилар.
Билгалъяккха еза цуьнан кхоллараллин кхин цхьа аг1о а. Партин керла истори арахецаран хьокъехь болу сацам тIеэцарца доьзна партин обкомехь вовшахтуьйхира и истори нохчийн матте гочъярна лерина йолу тоба. Цунна юкъахь бара Х.Магомаев, Хь.Хасмагомадов, А.Шамилев, М.Чентиева, Х.Исмаилов, кхиберш а. Тобано шен хеннахь а, лаккхара дикалла йолуш а чекхбаьккхира шена тIебиллина болх.
… 30-чу шерашкахь Х.Магомаев «Серло» (тIаьхьа «Ленинан некъ», хIинца «Даймохк») газетан коьрта редактор хIоттаво. Цу хенахь чIогIа хала дара газетан болх хила безачу тIегIанехь дIабахьа. Нисйина, цхьана хорша ерзийна яцара йозанан графика, иза кест-кеста хуьйцуш, цкъа газет латинин графикца арахоьцура, тIаккха Iаьрбийн элпашца дара, цул тIаьхьа дукха хан ялале кириллицина тIедаьккхира. Тоьуш бацара нохчийн йозанан мотт а хууш, газет арахеца таро йолу белхахой. И бахьана долуш хьалхалаьтташ дара оцу гIуллакхна кегийрхой Iамор. Тидаме эца езара оцу корматаллица йолу церан юкъаметтиг хIунда аьлча мел кIорггера йоза-дешар Iамийна верг а, нагахь цунна шен корматалла езаш яцахь, цунах шен дуьззинчу маьIница журналист хирг ца хиларна. Ткъа газет цу хенахь халкъана дешар, нохчийн йозанан мотт, литература Iаморехь доккха маьIна долуш дара. Хасмохьмад коьртехь а волуш, газето дуьззина кхочушдира шена хьалхалаьтта декхар.
Цул тIаьхьа цо къоман театран директоран болх бира. Театран администраторан декхарш кхочушдина ца Iаш, цо гоч а йо, ша а язйо пьесаш, нохчийн матте йоху спектаклийн сценареш. Цу хенахь цуьнца цхьаьна театрехь болх беш вара дика вевзаш волу режиссер В.Вайнштейн. Театран куьйгалло боккха болх бо гойтучу спектаклийн репертуар шоръярехь а, церан чулацам хьовсархойн культурин хьашташ кхочушдеш хилийтарехь а, заманца богIуш, тобарехь а.
1941–1942-чуй шерашкахь къоман дошлойн 114-чу дивизин политотделан лакхара инспектор хилла цо дакъалоцу Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь.
1944-чу шеран 23-чу февралехь нохчий, гIалгIай, цхьадолу кхин халкъаш а махках даьхна, дIадохуьйтучу хенахь Хасмохьмад зудчух къаьстина, ша цхьаъ вара. 30-чу шерашкахь Москвахь доьшуш волуш, цо ялийра тIаьхьа республикин серлонан нарком хилла Чентиева Марем. Иза республикехь дика евзаш яра. Цу хенахь иза даьржина а ма-хиллара, ямартхоша харц тоьшалла дина, лаьцна, чуйоьллина яра. Церан цхьа йоI яра. Иза цкъа деца, тIаккха ненаца Iара. ТIаьхьа, республикехь 1993–2000-чуй шерашкахь тIемаш болчу хенахь и шиъ, еттачу бомбанех а, ракетех а лечкъина, цIенойн ларми чохь Iаш, кхечу иттех стагаца цхьаьна федеральни эскарерчу салташа 2000-чу шарахь герз тоьхна, йийра.
Сан ден ваша Хасмохьмад шен вежаршца цхьаьна Казахстане д1авахийтира. Алма-Атан областерчу «Красный Восток» юьрта дIанисдира тхо. ДIакхаьчначу хьалхарчу деношкахь школе деша дIанисвира цо со, дешаран шо чекхдала кIезиг хан бен ца йиссиншехь. Дукха хан ялале Хасмохьмад меттигерчу колхозан председателан заместителан балха хIоьттира. Махкахь мацалла хиллачу оцу хенахь иза оцу балха вахийтарх доккха гIо-накъосталла хилира тхуна.
Хала хенаш дIаоьхуш, адамаш мелла а паргIатдовла дуьйладелча, Хасмохьмад Алма-Ата гIала дIавахара. Мачаш ечу фабрикин директоран заместителан балха а хIоьттира.
Цуьнца цхьаьна цо жигара дакъалоцура Алма-Атарчу книгийн издательствон балхахь а. ХIинца а йолуш ю 1946-чуй, 1950-чуй шерашкахь СССР-н Лакхарчу Советан а, Казахски ССР-н Лакхарчу Советан а депутаташ хоржучу хенахь Хасмохьмад гочдархо а, редактор а волуш, нохчийн маттахь арахецна СССР-н, Казахски ССР-н Лакхарчу Советийн депутатийн, уьш харжаран хьокъехь йолу положенеш а, харжамийн кхийолу материалаш а, ткъа иштта Iалам довзийтаран, пропагандистски, кхийолу материалаш а.
1955-чу шеран июнехь Алма-Ата гIалахь нохчийн маттахь арахеца долийра «Къинхьегаман байракх» газет. Цуьнан редактор вара Абазатов Мохьмад, жоьпаллин секретарь – Габисов Бийсолта, ткъа 1956-чу шарахь иза Москва Лакхарчу партийни школе деша хьажийча, жоьпаллин секретарь хIоттийра Хасмагомадов Хьамид. Редакцехь болх бан кхайкхинера газет даран болх бан хьуьнаре болу нохчийн интеллигенцин тоьлашха болу векалш: яздархой Музаев Нурдин, Хамидов Iабдулла, Чалаев Билал, Эдилов Хасмохьмад, Джамалханов Зайнди, кхиберш а. Царна юкъахь вара Магомаев Хасмохьмад а.
Цу хенахь нохчийн маттахь книгаш арахоьцуш кхин учреждени ца хиларна редакцехь йиллира книгийн отдел. Цуьнан куьйгалхо вара Хасмохьмад.
1956-чу шеран февралехь хилира И.В.Сталин хестош, вазвар а, цо нохчий а, гIалгIай а, цхьадолчу кхин халкъаш а махках даьхна, Казахстане а, Юккъерчу Азин республикашка а дIадахийтар а бехкедина йолу КПСС-н ХХ-гIа съезд. Цигахь Н.С.Хрущевс йина доклад а, цул тIаьхьа иза йийцаре еш, съездан делегаташа дина къамелаш а, съездан кхийолу материалаш а гоч а еш, Хасмохьмад редактор а волуш, оцу отделехула арахийцира. Иштта зорбатуьйхира С.Арсановн, «Маца девза доттагIалла» роман а, Н.Музаевн, I.Хамидовн произведенеш а. Цул сов, газетан книгийн отделехула арахоьцура Iалам довзийтаран, производствон хьалхелелорхойн зеделларг даржоран, серлонан, кхийолу а литература.
1957-чу шеран 9-чу январехь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн АССР. Дукха хан ялале цIеха буьйлабелира нохчий а, гIалгIай а. Уьш цIабахкар а дозатоьхна, бакъо яларца хуьлуш дара. Хьалха богIучаьрца цIавеара Хасмохьмад. Ша цIакхоччушехь, Нохч-ГIалгIайн радион коьрта редактор вахара иза. Юьхьанца чIогIа хала дара болх бан. Нохчийн маттахь материалаш кечъян журналисташ бацара, дикторех лаьцна-м дийца а ца оьшура. Хаалуш дара тIебаьхкина белхахой радиохь хьалха дуьйна белхаш беш хиллачарна башха безаш цахилар. И ерриге а халонаш йоллушехь, радион болх тобина, дика дIахIоттийра Хасмохьмада.
Цул тIаьхьа Х.Магомаевс партин обкоман «Агитаторан блокнотан» редакторан болх бира. Ткъа пенсе воьду хан гергакхаьчча, 1963-чу шарахь Хьалха-Мартан районан «Ленинан бакъдерг» газетан редакторан балха вахара. Ша журналистикехь воккха говзанча хиларе терра, цо йоццачу хенахь дика тобира газетан болх. Вовшахтуьйхира газетан болх безаш а, бевзаш а болчу белхахойн коллектив. Баккхий хийцамаш бира газет кечдарехь а. Иза алссам чулацаме а, куьцехь а хилла дIахIоьттира. Керлачу редактора даггара гIолоцура белхахойн дIадолоран, ладугIура церан планашка, хетачунна, кега-мерсачу гIуллакхашна юкъа ца гIертара, ларам бара белхахошка. Цундела редакторна шена а, цуьнан дикачу гIуллакхашна а чIогIа реза бара газетан журналисташ.
Амма дагахь а доцуш, 1ожалло хадийра Хасмохьмадан дахар – операци еш, 1968-чу шарахь кхелхира иза.
Хасмохьмад дика йоза-дешар долуш а, шен заманахь хиллачу юкъараллин-политически хьолах дика кхеташ а, нохчийн халкъана оьшуш, пайдехь дерг къасто хууш а вара. Муьлххачу а балхахь а цунна дика хаьара дечу гIуллакхана коллектив вовшахтоха, цуьнан дог-ойла гIатто. Балхахь коьртаниг лорура цо къинхьегаман стаг, цуьнан беркате гIуллакхаш. Лаккхарчу механ лорура ша а, шен белхан коллективо а деш долу газет, радиопередачаш, я кхийолу продукци. «Журналистан балхахь кега-мерса хIума дац, иза дика кхеташ хила веза шена тIехь долчу жоьпаллех, хьанал кхочушдан деза шена тIедехкина декхарш», – олура цо.
Дуккха а доттагIий бара цуьнан. Амма къаьсттина лардеш а, даггара лелош а дара Нохч-ГIалгIайн АССР-н Министрийн Советан Председатель хиллачу Гайрбеков Муслимца, культурин министраца Татаев Вахица, республикехь куьйгаллин тайп-тайпана белхаш бинчу Исмаилов Халидца, партин обкоман секретарь а, Хьалха-Мартан райкоман хьалхара секретарь а, «Ленинан некъ» газетан редактор а хиллачу Габисов Бийсолтица, яздархошца Мамакаев Мохьмадца, Музаев Нурдица, Сулейманов Ахьмадца, цхьамогIа кхечаьрца а хилла гергарло. Нохчий цIера бахале дуьйна а дара, церан и доттагIалла, иза зерах чекхделира Казахстанехь халонашкахь даьккхинчу кхойтта шарахь а, цигара цIадаьхкинчул тIаьхьа а. ДагадогIу суна 1968-чу шарахь Хасмохьмад кхелхина, аьлла шега хаам бича, Чехословакехь Карловы Вары курортехь дарба лелош а, садоIуш а хилла М.Гайрбеков цигара цIа а веана, тезета вар. … Ткъанга кхаччалц вежарий а, йижарий а болуш хиллачу боккхачу доьзалехь Хасмохьмад массарел а жима вара. Цундела дас Махьмас, нанас Яхас, чIогIа хьоме лоруш, дукхавезаш кхиийра иза. Гуттар а бохург санна, цIераваьлла, доьшуш хилла иза МартантIе цIавеача, вежарех, йижарех хIора а хуьлура иза шаьш долчу дIавига гIерташ.
Цунах кхетарца жоп лора шен гергарчарна Хасмохьмада а. Долуш долчу хьолах кхетарца даггара дакъалоцура цо шен вежарийн а, йижарийн а доьзалийн кхолламехь. Деш долу хIума, аьр вай, балха вахар, цхьа мехала хIума эцар, ц1а дар, цхьаъ цомгаш хилла, больнице охьавиллар, кхин а масане ду уьш. Масала, ша Алма-Атахь редакце балха вахача, цо со а, тхан вукха ден вешин кIант Леча а цига балха дIавигира. ХIинца кхузткъа шо кхочуш ду тхойшиъ редакцехь балхахь волу. Доцца аьлча, МагомаевгIеран доьзалан тхьамда, 1у вара Хасмохьмад.
Осалниг, нийса, хьанал доцург ца дезара Хасмохьмадна. Цунна иштта ца дезара стаг цхьанхьа куьйгаллин балхахь ву бохуш, цунна хьеставалар а. Шен леларца а, нахаца йолчу юкъаметтигашкахь а даггара оьзда а, дегIана зоьртала а волу иза цкъа а вацара шена харцонца халахетар диначунна, я ша сийсазван гIоьртинчунна цунах хьакъ боллу цхьа бекхам ца беш дуьтуш.
Хасмохьмад тIаьхьа хиндолчуьнга ла ца доьгIуш, муьлххачу хьолехь а нийсо ларъеш хиларан хьокъехь дуьйцу шен дагалецамашкахь республикехь массарна а дика евзаш йолчу радион белхан ветерана, диктора Эльмурзаева Розас. «Дин сийсаздеш, кечйина материал радиочухула дIаеша ас дуьхьало ярна со балхара дIаяккха кечйина яра. Амма радиокомитетан куьйгалхойх цхьаъ волу Шамилев Андарбек а, коьрта редактор Магомаев Хасмохьмад а, шайна иза новкъадала тарлуш доллушехь, соьгахьа гIодоккхуш, ондда дIахIоттар бахьана долуш со балхахь йисира. Ас даггара баркалла аларца дагалоьцу и майра ши накъост».
…Хасмохьмад велла тезет дара. Кадам бинчул тIаьхьа нах дIабохуьйтура цигара. Амма цхьа накъост дIагIо аьлча а дIа ца вахара. Изза хилира шолгIачу дийнахь а. Ткъа кхозлагIчу дийнахь а, тезета богIу нах мелла а лахбелча, ас тIе а вахана, элира цуьнга. «Суна хьо вевзаш вац, цу тIе нохчийн къомах а вац хьо. Хьан декхар чекхдаьлла, паргIат хила аьлча а хьо дIа ца вахаран бахьана дийцахь». ТIаккха цо дийцира: «Со грекийн къомах ву, суна мелла а девза шун законаш. Со радион диктор Катаков Григорий ву. (И фамили радиочухула хезнера суна, амма юьхьадуьхьал суна ша дуьххьара гуш вара иза). Кхузахь латта веззачул лаьттина а, цуьнан сий дар доцург цо сайна динчу диканна кхин жоп, бекхам бац сан. Ткъа цо суна дина дика иштта дара: Суна а чIогIа хазахийтира шун республика метта а хIоттийна, нохчий цIабоьрзуш. Республика меттахIоттийначул тIаьхьа радиочухула цхьа текст йоьшуш, ас, хьалха санна, Грозненски область ца олуш, ткъа Нохч-ГIалгIайн Республика алар соьгара даьлла доккха гIалат лерира. И бахьана а хIоттийна, со балхара дIаваьккхира. Иза халахетта, догдоьхна, со Хасмохьмад волчу кабинета чувахара. Ойланехь а, юьхьа тIехь а со хийцавалар хааделира цунна. «Хьуна хIун хилла, хьо ма чIогIа дог ца догIуш ву?», – хаьттира цо. «Со балхара дIаваьккхи председатела», – элира ас. «ХIун бахьана долуш?» Ас дерриге а дIадийцира. Амма оцу дийцарна юьхьа тIехь цхьа хийцам хилла а, я кхин тIе хаттар дина а, жоп ца делира цо. Цунах со чIогIа цецвелира, сан дийцар тергал а ца деш дисира. Цуьнан ойла еш Iаш со а волуш, 20–30 минот хан елира. Хасмохьмад вист а ца хуьлуш, кабинета чуьра аравелира. Шен цхьана гIуллакхе вахана хир ву-кха иза, аьлла хийтира суна. Амма иттех минот яьлча юха чувеара Хасмохьмад. ЦIийвелла, кхохка а вина вара иза. Гуш дара иза ч1ог1а оьг1азвахана хилар. «Хьо дIа ца ваьккхина хьуна, ас юхадаккхийтина хьуна тоьхна приказ. Ас цуьнга д1ахаийтина церан хан чекхъяьлла хилар. ХIинца цIабаьхкина республикин дай. Т1ейогIучу хенахь иштта приказ арадаккхале дика ойла елахь, ца яхь, дагахь доццург хила тарло хьуна». И къамел хиллачул тIаьхьа цициган кIорни санна эсала, кIеда вара Муравьев. Со балхахь висира. Амма суна диц ца делла, диц а лур дац Хасмохьмада дина и гIуллакх».
«Доьзалехь цхьа гIуллакх Iоттаделла, цхьа кIира делира со балха вахаза, – дуьйцу нохчийн журналистикин къаночо, х1етахь Хьалха-Мартант1ерачу «Ленинан бакъдерг» газетехь болх беш хиллачу Дашаев ШаIранис. – Цул тIаьхьа суна балхахь гучувала эхьхеташ кхин цхьа кIира а делира. ТIаьххьара а, балхара-м дIаваьккхина хир вара со, сайн стоьла чуьра хIуманаш дIахьор-кх, аьлла балха веара со. Сайн кабинета чу воьдуш, Хасмохьмадан кабинета хьалхахула чекхвала везаш вара. Ткъа цуьнан неI гуттар а йиллина хуьлура. Редакцина герга мел кхечи, ас Деле доьхура Хасмохьмад балхахь цахилийтар а, тхойшиъ вовшашна тIе ца нисвалийтар а. Со редакце дIакхечира. Хасмохьмадан кабинетан неI а йиллина яра. Юхаваьлла, дIа ца вахавелла, цунна ца гуш, тIехвала дегайовхо йолуш, сени чухула дIавахара со. Редакторан кабинетал тIехвелира, со тешна вара со цунна гина цахиларх. ХIинца ойла оцу сени чухула юхабан безачу некъана тIейирзинера. Амма оцу хенахь кабинета чу а еана, редакторан секретара хаам бира соьга редактора шен кабинета чу кхойкхуш хиларх лаьцна. Дан хIума дацара. Со редактор волчу вахара.
– Схьадийцал, хIун ду хилларг. Цуьнан аз девне, оьгIазе дацара, кIеда, сох доглозуш дара. Ас дерриге а ма-дарра дIадийцира. Дика ла а доьгIна, цо элира:
– Ткъа оха хIун гIо дийр дара хьуна?
– Дела реза хуьлда. Эшахь, эр ду ас.
– Ала деза, оха тхешан ницкъ кхочу гIо-накъосталла дийр ду хьуна. Ткъа хIинца балха веаний хьо?
– Аш ваийтахь-м, веана.
– Делахь-хIета, сихха «Красноармейский» совхозе а гIой, белхан хьалхелелорхойх лаьцна материал язъе». ТIаккха сапаргIатделира сан.
Иштта къинхетаме а, адамийн дахар девзаш а, кхеташ а вара Хасмохьмад.
Нохчийн а, оьрсийн а метташ кIорггера хууш волу серлонча, учебникийн а, методически а литературин автор, лаккхара корматалла йолу журналист, публицист, гочдархо, критик, нохчийн къоман фольклоран дуккха а произведенеш гул а йина, то а йина, дIаязйина волчу Магомаев Хасмохьмада йоккха хазна юкъайиллина нохчийн къоман мотт, дешар, литература, культура, журналистика кхиорна. Тхуна, цуьнан гергарчарна а, цунна юххехь болх беш хиллачарна а, иза вевзаш хиллачу массарна а масал хилла Магомаев Хасмохьмад.
С.МАГОМАЕВ
№97, шот, 29 август, 2015 шо