Наношца цхьаьнакхетар

_MG_0281

Соьлжа-ГIаларчу  театрально-концертни  залехь Нохчийн Республикин   Куьйгалхо Кадыров Рамзан  цхьаьнакхийтира   кIентий   кхелхинчу   наношца.

ДIадолоран дашехь  вистхиллачу Нохчийн Республикин Парламентан   Председатела  Абдурахманов  Дукхувахас билгалдаьккхира:

– Тахана  Россин пачхьалкхехь деза  де ду – Ненан де. Президент  Путин  Владимир хьалха а волуш  дIахьош  ду и  даздар. Россехь и де  билгалдоккху 16 шо ду.  Бакъду   нохчийн  исторехь   оцу  дийнан бIешераш  зама ю.  Вайн  дайша  лоруш  а, язъеш а  хилла  нана. БIаьстенан   юьххьехь,  охана  деш,  хазаниг, диканиг, оьзданиг  хоржий, Мехкан  нана  олий цунна  цIе а туьллий и хьалха а йоккхуш, дIадолош  хилла  охана. Цул тIаьхьа  халкъан   маршонна   араваьллачу кIентан  нанна туьллуш  хилла  и цIе.

Нохчийн республикин  хьалхарчу  Президента  Кадыров Ахьмад-Хьаьжин  хІусамнана   хилла йолу, тахана Нохчийчоьнан  КуьйгалхочунРамзан-Хьаьжин  нана Аймани  ю Мехкан  нана цIе  йолуш. Цуьнан  цIарах, республикин Куьйгалхо   хьалха а  волуш,  кху  дезчу  дийне   баьхкинчу  Iедалан белхахоша а Ненан  денца даггара   декъалдо  шу  а,  вайн махкара берриге а наной.

Ненан дозаллах а, къаьсттина нохчийн  къомах  йолчу нанна  тIехIиттинчу  халонех  дерг а, царах  иза доьналлица  чекхъяларх  а дийцира  шен къамелехь  Республикин Куьйгалхочо  Кадыров  Рамзана:

– Тахана вай  кху чохь   цхьаьнакхетта  нохчийн наношка  даггара дош ала,  церан  бIаьрахьажа. Вайн таханлерчу  маьршачу  дахарна,   Нохчийчохь   нах  цахьийзабайтарна шаьш ца кхоийначу  кIентийн,  тхан   вежарийн Наной   шу хилар тхо  дицделла дац.

ХIоранна а  езаш  ю нана, цунна   шен бер а. Амма тхан   вежарий,  шун  бераш, даггара  шайн  мохк  безаш  хиларна,  цуьнан   маршо   ларъярехь   цIеначу  гIазотан  новкъахь  дIакхелхина. Уьш   Ялсаманехь  хиларан   вайн   шеко  яц,  хIунда  аьлча   Делан Элчанан  (I.с.в.с.) дош  хийца   йиш   йолуш дац.

Шайн кIентий къайлабевллачу наношна атта  доцийла хаьа  тхуна. Бакъду  тхан шуьга  ларам  бу.  Суна  хаьа,  и цхьа   кIеззиг  бен   доцийла, амма  Дала   мукъ лахь,  вайн  дахар дено-дено толуш, хазлуш  ду. ТIаккхахула   вовшахкхеташ, хIинцачул а гIолехь шуна  алссам   юьхькIам  бан  а йиш  йолуш  хир ду   аьлла,  дог  тешна   а ду.

Шун, тхан   нанойн, доьналла, яхь,  хьуьнар  бахьана  долуш   вайн махкахь  дахар хазлуш  ду. Хууш  ма-хиллара, хIинца а хьаннашкахь,  лаьмнашкахь  лелаш  ямартхой   бу  вайн. Цаьрца  болчу  къийсамехь  лазийнарш  а, кхелхинарш а бу. Сан  дехар  ду   шуьга,   Дала  дика дина   наной   шу   хиларна,  шайн  доIина  юккъе  уьш  лацар. Дала дукха дахадойла  шу,  Дала ийманца  собар лойла.

Республикин Куьйгалхочо  «Ненан сий»  мидалш  елира Нохчийчохь  маршо ларъечу  новкъахь  дIакхелхинчу кIентийн  наношна. Цул тІаьхьа  дІадоладелира  самукъадаккхаран  дакъа  «Вайнах», «Даймохк», «Нур-ЖовхIар» ансамблаша а, «Грозный», «Илли» тобанаша а, нохчийн  халкъан артисташа  Исмаилов  Шарпуддис,  Межиева  Маккас  иштта кхечара  а  дакъалецира  наношна хIоттийначу   концертехь.

Т.АЛИЕВА   

М.САДУЛАЕВН сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: