Кхуьуш бу юьртан бахам

Шелковски район Нохчийн Республикехь уггаре а йоккха хиларал а сов, шен латтаца, меттигца аьтто болуш нисъелла юьртан бахам кхио оьшуш долу хьелаш хиларца. Дукха  къаьмнийн векалш бу  лаьттаца  къахьоьгуш. Уьш ногIий,  нохчий, гIумкий, гIалагIазкхий бу. Вайн  республикина  хасстоьмашца а, цхьаболчу стоьмашца а, шурин сурсаташца а, даима а кхачойора районо. Кхузахь кхиош дара кIа, хьаьжкIаш, хорбаз-паста, кемсаш, хохаш. Даьхни уггаре а дукха долу район  а ю иза. Карарчу хенахь районан юьртан бахамехь  долу хьал довза лиъна тхо цхьаьнакхийтира районан администрацин куьйгалхочун юьртабахаман  декъехула  волчу  заместительца  Мачиев Ахъядца. Цо довзийтира  терахьаш, бина болх.

IMG_3095

2015-чу шарахь районан аренашкахь дийна  ялта  5352 гектар дара,  цунах кIа – 2330 гектар, мукх – 1725 гектар, Iаьржа кIа – 366 гектар, триктикале (докъаран культура) – 70 гектар, сула – 221 гектар, дуга – 24- гектар, маьлха хIуш – 30 гектар, ткъа иштта  хорбаз-паста, хасстоьмаш – 394 гектар,  докъарна лерина аренаш – 2046 гектар.

Ялта чудерзорехь дакъалецира районан пачхьалкъан бахамаша  а, районан ерриге а службийн белхахоша  а. Иштта  гIо лецира Госавтоинспекцин, цIе яйъаран гIаролан  инспекцин, Гостехнадзоран, культурин отделан, Чоьхьарчу  гIуллакхийн отделан  белхахоша а.

Дика жамIаш гайтина «Червленский» агропромышленни комплексан белхахоша. Цара чуэцнарг 977 тонна кIа ду. Цхьана  гектара тIера даьлла  кIа  юккъерчу  барамехь 23,8 центнер ду. Оцу  комплексан директор  Закриев  Мохьмад ву, коьрта  агроном – Закриев Лом-Iела.

«Кавказ» госхозо – директор  Хадиев Iабдулбасир, коьрта агроном Хадиев Лечи – чуэцна 1057 тонна ялта, цхьана гектара тIера  юккъерчу барамехь 23 центнер ялта  даьлла.    Иштта  кхин а  кхоъ бахам  а бу дикачу жамIашца, балхаца  къаьстина. Уьш бу «Алый Терский» госхоз. Цуьнан белхалоша гулдина 1000 тонна ялта, цхьана гектара тIера юккъерчу барамехь 22,2 центнер ялта даьлла. Директор  Найипов Хьусейн ву, ткъа коьрта агроном – Багаудинов  Имамурат. «Бурунный «Винхоз» ГУП а (директор Магомадов Iайнди) ю дика ларийначарех. Цигахь  чуэцна  1341 тонна  ялта. Юккъерчу барамехь цхьана гектара тIера 22,2 центнер ялта а долуш. «Ирс» госхозан белхалоша  чуэцна  872 тонна ялта. Директор Матигов Берзимек ву, коьрта агроном – Гугуев  Дукхаваха.

Карарчу 2015-чу шеран 20-чу августехь  динчу жамIашца, районан ГУП-ша 5112 гектар  лаьтта  тIера 9708,4 тонна ялта  гулдина. Латта аренде эцначара 5370 гектара тIера 13533 тонна ялта чуэцна. Районехь хорбазаш 1652,5 тонна гулйина.

Нахана аренде дIаделла латта  37327,35 гектар ду, охуш долу латта 3728,21 гектар ду.

Районехь долу даьхни лелорехь долу хьал терахьашца аьлча, иштта ду: Шелковски районан 25  юьртахь 22857 бежана, 11231  уьстагI, газа, 291говр ю.

КРХ-хь (крестьянско-фермерски бахам) 19396 бежана ду, 36494 уьстагI-газа, 1249 говр ю, ГУП-кахь 7885 бежана а, 12899 уьстагI-газа а, 482 говр а  ю.

Районан бахамашкахь  49838 бежана ду, 60624 уьстагI-газа, 2022 говр а ю. Цхьана районна юьхькIам болу даьхни ду иза.

№97, шот, 29 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: