Хьехархойн болх атта бац. Цу корматаллин чолхаллех кхоччуш кхетар вац ша хьехархо воцург. Цунна хаа мел собар, хьекъал, адамалла оьшу берашца болх бан, мел бераш дезаш, царах доглозуш хила веза. Доьзалехь шен цхьана доьзалхочунна а йоза-дешар Iамо хала ду, ткъа хьехархочо цхьа а элп ца девзачу дуккха а берашна дуьххьара куьйга нийса къолам лаца а, йоза яздан а, деша а Iамадо. Доккха беркат долу цунах. Муьлххачу стаге а далур долуш хIума дац иза. Амма оцу балхана болчарех хьуьнаре цхьаъ ю Баширова Любовь Потаповна.
Шелковски районан Курдюковски станицерчу юккъерчу школехь юьхьаьнцарчу классийн хьехархо ю иза. 50 шо хан ю Л.Башировас дешаран хьаьрмахь болх бен. Шен болх безаш, иза доггаха беш, ша ца кхоош, карарчу хенахь а къахьоьгуш ю иза. Районийн а, республикин а дуккха а конкурсашкахь толамаш баьхна цо. Шен х1ора а дешархочун дог-ойланийн психологи а 1амайой, церан дегнашка кхача хьуьнар хилла ю иза. Цуьнан белхан мах хадош, «Къинхьегаман ветеран» а, «Нохчийн Республикин дешаран сийлахь белхахо» а цIерш ю цунна елла.
Хьехархочун корматалла хаьржина йолу, Любовь Потаповна кхета ша тIелаьцнарг деза дукъ хиларх. Амма цхьана а дийнахь иза дохко ца яьлла ша бинчу харжамна. Берашца болх бар шен дахаран маь1на ду, боху цо.
– Со оьрси елахь а, Нохчийчохь йина а, кхиъна а ю. Цундела Нохчийн Республика сан жима Даймохк бу. Сан бералла, уггаре а чолхе а, хаза а дагалецамаш кхузара бу. Массара а олу, хьехархочун болх хала бу олий, амма суна иза иштта ца хета. ГIел ца луш-м ца хуьлу, делахь а цхьадолу хIуманаш башха хьесапе эца ца деза. Сайн болх суна дукхабеза. Кхечу балхахь суо ган а ца го суна. Бераш даима а дукхадезара суна. Цаьрца бийца юкъара мотт а карабора. Цхьана а тIамехь Нохчийчуьра араяьлла яц со. Халчу муьрехь, луш алапа доцчу хенахь а сайн болх дIа ца тесира ас. Даима а тешара тIеман халонаш чекхъевриг хиларх.
Балхах лаьцна дерг аьлча, уггаре а хьалха хьехархо собар долуш, бераш дезаш хила веза. Берашца долу хIума цIена ду. Дахаран хIилланаш ца девза царна, цхьаьнцца а хьагI-гамо а яц церан. Уьш хIинцца дуьне довза дуьйлалуш ду, цундела церан дегнашкахь дика ойланаш кхолла еза. ХIора а дешархочунна ша хIуманна тIаьхьакхуьуш вуйла хаийта деза. ТIаккха церан ойла дешарна тIейоьду.
КIезиг хан яц Л.Башировас берашна чусадиллина къахьоьгу. Иза евзачара, цуьнца белхаш биначара лаккхара мах хадабо цуьнан белхан а, адамаллан а. Любовь Потаповнин дешархой даима а хааршца а, гIиллакхашца а къаьсташ хуьлу, боху цара.
И тайпа хьехархо доккха совгIат ду, цо кхиош верг къаьмнаш ца къестош, вайн республикин хьакъволу вахархо ву, вайн кхане ю.
АгIо кечйинарш – З.Эльдерханова, З.Сагаева
№97, шот, 29 август, 2015 шо