Оьрсийн культурин туш

Шелковски район вайн республикехь дуккха а къаьмнийн векалш беха район ю. 20 къоман нах бу цигахь Iаш. Ткъа оьрсий цигахь Iаш болу масех бIе шо ду. Вайн республикехь дуьнен чу бевлла, вайн къоман культурех, гIиллакхех пайда оьцуш, шайн диканиг лардеш, схьабогIу оьрсий.

Къоман юкъара хIума: Iер-дахаран кеп, гIиллакхаш, ламасташ,  шатайпа культура – иза йоккха хазна ю. Муьлххачу а къоман бух даима а хилла оьзда, цIена. ХIунда аьлча цхьана а халкъана ледарниг, сонтаниг ца деза цкъа а. Вайн заманахь къоман культурин туьшо доккха маьIна леладо къоман дIадаьлла диканиг Iалашдеш.

IMG-20150826-WA0004

Шелковски районехь бехачу оьрсийн а ю къоман культурин туш. Цигарчу юкъараллин жигархоша 1991-чу шарахь йиллина иза. Цуьнан директор  Дериземля Мария Николаевна ю. Цо дешна Москварчу юридически институтан Нохчийн Республикехь йолчу филиалехь. Ша къона ю Мария. Иза даггара лууш ю шайн оьрсийн къоман культурин туьшан болх лаккхарчу тIегIан тIе баккха а, шайн къоман шира гIиллакхаш, ламасташ кегийрхошна марздеш болх дIабахьа а.

Культурин цIийнехь дIатаръелла и туш. Цигахь ширачу хIуманийн гайтам вовшахтоьхна ца Iаш, дуккха а дика, баккхийчарна а, кегийчарна а пайдехь долу гIуллакхаш до. Кружокаш ю, куьйган говзаллин белхаш бан Iамош. Масала, «Умелые руки» кружокан болх дIакхоьхьуш ю Нарожная Валентина. 5 шарера 16 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш ду цу юкъахь. Дуккха а пайде хIума Iамадо царна. Масала, туьтешца суьрташ дахкар, кехатех, тайнех тайнигаш яр, хIума юца Iамор.

Ала деза, халкъалахь даима а тергонехь латтош, мехала хилла зудаберана куьйгаболх караберзор, жимчохь дуьйна пайдехь дерг царна Iамор а. СадаIа, сакъера гулбелча а, хан эрна ца йойъуш, «посиделки» олучу меттигах а пайда оьцуш хилла. Х1ума тега, тир яккха, варкъ даккха хууш хила езна маре яха хан кхаьчна оьрсийн хIора йоI.

Х1ума юучу стоьла тIе тир яьккхина гата тосуш а, корашка хаза кисеш ухкуш а хилла. Юьртахь, массарна а аьлча санна, евзаш хилла тир яккха хууш йолу йо1.

Нохчийн Республикехь евзина ца Iаш,  луларчу республикашкахь а евзаш ю «Радуга» вокальни тоба. Ши йиша – Шитьева Настя, Ксюша – ю цуьнан декъашхошлахь. Уьш шайн наношкара дуьйна схьа куьйгаговзалла а йолуш, хаза эшарш лакха а хууш баьхна. Оьрсийн туьшахь а, районан культурин дахарехь а дика ларош схьабогIу оцу тобанан солисташ: Мустафаева Раиса а, Шитьева Анастасия а. Ала деза, Раиса ногIийн къомах хилар. Оцу тобанан куьйгалхо ву Каримов Хьамзат. «Радуга» тобанан репертуарехь оьрсийн хилла а ца Iаш, нохчийн  иллеш а ду.

Иштта, дукха хан йоццуш кхоьллина баккхийчеран «Надежда» вокальни тоба ю. Оцу тобанан куьйгалхо а ву Каримов Хьамзат. Иза 6 стагах лаьтташ ю. КIиранах шозза цхьаьнакхета уьш.

22

Къилбаседа Кавказехь муьлхха а даздарш хилча, вайн республикин векал хуьлий, луларчу республикашка кхочуш ю Шелковски районан Оьрсийн культурин туш.

№97, шот, 29 август, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: