Iуьйре дIаиккхина хан яра тхо Шелковски администраце кхаьчча. Район йовзар а, цунах дерг дийцар а нийса хир дацара районан куьйгалхо ца гича.
Израйилов Iабдулкъедар вайн махкахь дика вевзаш стаг ву, шен нохчийн гIиллакхца а, хьуьнарца а. ГIуллакхийн дукхалло сихвина вара иза, амма тхо нохчийн газетера ду аьлча, араволучуьра саца а сецна, тIеийцира цо.
Дукха хан яц Израйилов Iабдулкъедар Шелковски районан куьйгалхо хIоттийна. Нажи-Юьртан районерчу Бенахь вина а, кхиъна волу иза 80-чу шерашкахь Шелковски районе охьавелира Iен-ваха. Цул тIаьхьа доьшуш елира хан. Цо чекхъяьккхира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан историн факультет а, цул тIаьхьа Махачкаларчу урхаллин а, бизнесан а институт а.
1992-чу шарахь Старогладовская станицин администрацин куьйгалхочун заместителан даржа тIера болийна къинхьегаман некъ, 2014-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Администрацин секретариатан куьйгалхочун дарже кхаччалц бира. 20I4-чу шеран август баттахь хIоттийра иза Шелковски районан администрацин куьйгалхо.
Цуьнан къинхьегам билгалбаьккхина Россин Федерацин Президентан Баркаллин кехатца, ткъа иштта Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах орден яларца а, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а. Iабдулкъедара иштта дийцира шайн районах дерг: «2013-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца «Шелковски районан шо» аьлла кхайкхийна, район меттахIотторан штаб кхоьллина, шортта белхаш бира. Делан къинхетамца тIеман шерашкахь зенаш ца хиллехь а, амма советан Iедал дохале а тишъелла яра кхузара могашаллаIалашъяран а, дешаран а учрежденеш. Ерриге а школашна бохург санна, ремонташ а йира, керла берийн бошмаш а ехкира. Районан больница а ю юхаметтахIоттийна, иштта хIора юьртахь фельдшеран пункт а ю. Цхьа ца тору гIуллакх хилча Соьлжа-ГIала республикин больницашка хьовсабо бахархой.
Тхан районехь а республикехь массеран а боллу лазам бу говзанчаш ца тоарца а, дешаран учрежденеш кIезиг хиларца а. Юьртабахамехь къахьоьгуш дукха нах бу. Ахархойн-фермерски бахамаш бу, арендаторш бу, тIаккха муьран белхаш беш нах бу. Даханчу шарца дуьстича, ялташ сов чуэцна хIокху шарахь. Даьхни хиларца а, лелорца а тхан Шелковски а, лулара Невран районаш гIолехь ю вайн республикехь а. Иштта, Шелковски станицехь, Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни кхиоран а министр Топилин Максим а вогIуш, берийн реабилитационни туш схьайиллира хIокху аьхка. Цигахь, хIоттийначу графикца, садоIу районан ерриге а ярташкарчу бераша. ТIейогIучу заманахь район массарел а кхиъна гург хиларх теша со а, районан бахархой а».
№97, шот, 29 август, 2015 шо