США-рчу Миссисипин университетехь ши журналист дийна (цхьа зуда а, цхьа стаг а). Зулам динарг схьалаьцна. ДIахьош ду таллам бар, зулам даран бахьана хIун ду хьажар.
***
Австрехь некъан белхахошна некъа йистехь лаьттачу цхьана машен чохь велла пхи мигрант карийна. Дийцарехь, Венгрера схьабалош хилла уьш. Садукъделла белла мигранташ. Машенан водитель ведда къайлаваьлла.
***
Желтойчоьнан Президента ханна премьер-министран декхарш кхочушдар тIедиллина лакхарчу суьдан председательна. Герггарчу хенахь дIахьур ду керла правительство вовшахтохар.
***
Евросоюзан декъашхой йолчу пачхьалкхийн а, Малхбузе Балканан пачхьалкхийн а саммит хилира. Цигахь дийцаре дира мигранташца доьзна кхолладелла чолхе хьал.
***
Мехкадаьттанан мах лакхабаларца доьзна (цхьана бареллан мах 45 доллар бу) Россехь валюта дайдала доьлла. КIира хьалха 70 сов сом доьхуш хиллачу долларх хIара хаам кечбечу дийнахь 64 сом доьхура.
***
Молдовехь 27-чу августехь билгалдаьккхира мехкан бозуш цахиларан де. Дерриге а халкъан даздарш шатлакхашца дерзийра.
***
Украинин Президент П.Порошенко цхьаьнакхийтира Германин Канцлерца А.Меркельца а, Францин Президентаца Ф.Олландца а. Цара дийцаре дира Украинин малхбалехь кхолладелла кхераме хьал.
***
ТIаьхьарчу деношкахь Донецкехь хиллачу тIамехь Украинин Iедалан эскаршна юккъера ворхI бIаьхо вийна, иттех бIаьхочунна чевнаш йина ополченцаша.
***
Мисаран куьйгалла Россера тIеман Ка-52 вертолеташ эца дагахь ду. Цу хьокъехь дийцарш дIахьош ду шина агIоно.
***
Россин Президент В.Путин цхьаьнакхийтира Мордовин куьйгалхочуьнца. Регионан куьйгалхочо Президентана дийцира экономика кхиоран декъехь деш долчу гIуллакхех лаьцна.
***
Россин дуьненаюкъара валютан тIаьхьало 14-чу августера 21-чу августе кхаччалц болчу муьрехь 364,6 миллиард долларна алсамъяьлла.
***
Махачкалан экс-мэрана С.Амировна валлалц набахтехь яккха хан тоьхна. Иза бехкевеш ву терроризмана а, къиза зуламаш дарна а.
№97, шот, 29 август, 2015 шо