Советан председатель хаьржина

Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь хIокху деношкахь шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхойн Советан председатель а, цуьнан заместитель а хоржуш, кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.

Д.Умаровс довзийтира дийцаре дан лерина долу гIуллакхаш. Шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхойн Советан председатель а, цуьнан заместитель а харжарх дийцина ца Iаш, карарчу хенахь журналисташна хьалха лаьттачу декхарех лаьцна а дийцира цо.

– Пачхьалкхан хаамийн политикин эвсаралла лакхаяккха еза вай. Мехала болу хаамаш бахархошка дIа а кхачош, регионан шуьйрачу хаамийн гIирсаша бан ма-беззара болх бан беза, Россин цхьаалла талхо гIерташ, зуламхоша баржочу харц хаамашна дуьхьало ярхьама.

Со тешна ву, хаьржинчу Совето цу хьокъехь бIаьрла кхиамаш хуьлуьйтург хиларх, – бохура министра.

Иштта цо билгалдаьккхира къахьегаре терра бен дикачу агIор хийцамаш хирг цахилар а, болх, баккха ма-лло жигарбаккха безар а.

Кхеташонехь Советан председатель «Вести республики» газетан коьрта редактор Исмаилов Илес хаьржира, ткъа цуьнан заместитель – «Даймохк» газетан коьрта редактор Шамсудинов Бувайсар.

И. АТАГОВ

 №97, шот, 29 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: