схьайиллира кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь, «Даймохк» газетан редакцехь. Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа винчу денна лерина дара и гIуллакх.
Музей схьаелларехь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, Республикин Парламентан депутата Бердукаев Сайпис, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин куьйгалхочун заместитела Муцаев Мамис, Юкъараллин палатин куьйгалхочун гIоьнчас, Iеламстага Хамадов Шамхана, Нохчийчоьнан Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас, республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн куьйгалхоша, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон векалша, журналисташа, кхечара а.
Ламасталлин цIен аса хадийначул тIаьхьа, «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара хьешашна музейн экспонаташ гайтира. Царна юкъахь 1990-чу шерашкахь а, цул хьалха а вайн журналисташа лелийна болу корматаллин тайп-тайпана гIирсаш бара: зорбатуху машенаш, видеокамераш, фотоаппараташ, диктофонаш, кхиерш а. Иштта, шира газеташ а, журналаш а ду музейхь: «Ленинан некъ», «Колхозан дахар», «Даймохк», «Комсомольское племя», «Голос Чечено-Ингушетии», «Красноармейская правда», «Грозненский рабочий» газетийн XX-чу бIешеран 50-чу шерашкахь дуьйна 2000-гIа шераш кхаччалц йолчу хенахь арайийлинчарех цхьацца экземпляраш, хIеттахь арадийлина «Орга» журналаш, кхидерш а. Цул сов, Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIотторан а, Нохчийн Республикехь кхочушдаран Iедалан органийн ханна йолу система вовшахтохаран а, Нохчийн Республикин Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа хIотторан а, Нохчийн мотт Iалашбаран а хьокъехь долу нохчийн маттахь яздина Указаш а ду музейхь гайтаме дехкина.
Умаров Джамбулата билгалдаьккхира къоман журналистикин музей схьаеллар вуно мехала хилар. Музейх бIаьргтоьхначул тIаьхьа, «Даймохк» газетан коллективца безамна суьрташ дахарца дерзийра музей схьаелларна лерина цхьаьнакхетар.
А.ВАХАЕВА
Авторан сурт
№97, шот, 29 август, 2015 шо