Дешаран шо доладалале хьалха, кху деношкахь республикин школийн директорш а, хьехархой а гулбина, йоккха кхеташо д1аяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Иштта цигахь дакъалецира Нохчийчоьнан Правительствон председатела Эдельгериев Абубакара, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, республикин дешаран а, 1илманан а министра Байханов Исмаь1ила.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Правительствон лерринчу къамеле школашкахь хьалха гучуяьхна ледарлонаш д1аяхарца доьзна г1уллакхаш, бина белхаш. Уьш дукха хьолахь йоьзна яра спортан инвентарьца кхачам цахиларца а, цхьайолчу школашкахь видеонаблюдени яран система цахиларца а. Иштта ремонт ян езаш 38 дешаран учреждени а яра.
Цхьаьнакхетар д1адолош Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, берех наркоманаш а, зуламхой а хилча, уггаре а хьалха бехкениг школин директор а, хьехархо а хилар.
– Т1емаш лаьттина вайна, цундела кегийрхой хьекъале ца кхиъна олура вай. Ткъа х1инца т1ом д1абаьлла а, школаш болх бан юьйлаелла а 15 шо хан ю. Тахана Россин кхечу регионашкахьчул ледара дац вайн республикехь дешаран дакъа. Дас-нанас шех тешийна школе даийтина бер дика 1амо а, лардан а декхарийлахь ву хьехархо, – бохура Республикин Куьйгалхочо.
Кхеташонехь доклад еш И.Кадыровс хаийтира регионан Куьйгалхочо билгалъяьхна йолу ледарлонаш д1аяьхна хилар.
– Ерриге а дешаран заведенаш дешаран шарна кийча ю. Цул сов, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолчу фондан чоьтах буоберашна а, г1ийла бохкучу доьзалшкарчу дешархошна а оьцуш дешархойн духар а ду. Иштта Грозненски районерчу Пионерски юьртахь керла школа а йийр а фондо, – элира цо.
И. МАТАГОВ
№97, шот, 29 август, 2015 шо