Толам баккха аьтто ца белира

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан  7-чу  туран матчехь  Соьлжа-Г1алара  «Терек»  хьошалг1ахь    цхьаьнакхийтира  Екатеринбург  г1аларчу   « Урал»   командица. 

Цхьаьнакхетар вовшашкахь  х1ун  доллу хьожуш  д1адолийра  футболисташа.  Хьалхарчу тайман 10 минот  д1аялале  майданан дайша  схьайиллира счёт.

Цул   т1аьхьа  кхин дукха  хан  ялале   «Урал» команда «2:0» счётаца хьалхаелира.

Амма  и  тайм  чекхъялале  соьлжаг1алахойн аьтто белира  счёт  нисъян,  Рыбус Мацейс а, Садаев Заура а уралхошна  голаш  тохарца.

Шолг1ачу  таймехь, Айссати Исмаил т1ахъаьлла  хьовзар бахьана долуш,   «Терек»  хьалхаелира,. Цу кепара нисделлачу хьелашкахь нохчийн болельщикийн таро яра шайн хьоме команда оцу суьйранна шен 1алашоне кхочург хиларе сатийса. Бакъду, цул  т1аьхьа  майданан дайша нисйира  счёт – «3 : 3».

Д1аяханчу  матчах шеко йолуш бу букмекерш, “ Терекна” ставкаш дукха хиларна,  уьш хьошалг1ахь  ловзуш боллушехь.  И талла билгалваьккхина Россин футболан союзан коммисар. Т1ейог1учу  заманчохь  хуур ду комиссара оцу хьокъехь  х1ун  олу.

«Терек» командин тренер волчу Рахимов Рашида х1инцале хаийтина иза бакъ доцийла.

А.Туршиев

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: