Карарчу шеран 9-10-чуй сентябрехь Кемерово гIалахь дIахьур ю паргIатчу кепара охьатохархлатарехула «Шахтерийн сийлалла – 2015» дуьненаюкъара турнир. Къийсадаларшкахь дакъалаца лерина ву 25 пачхьалкхера 200 сов охьатохархлатархо.
Турнирехь дакъалаца кечлуш ву нохчийн спортсмен Дадаев Муса а.
Дуьххьара «Шахтерийн сийлалла» турнир дIаяьхьира 2013-чу шарахь. ХIинца иза ламасталлин хилла дIахIуттуш ю.
Лараме хьешашца турнире кхайкхина Олимпийски ловзарийн кхузза чемпион Сайтиев Бувайсар.
Хь.АБАЕВ
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо