Литературин рузма

Дикаев Мохьмад, нохчийн  поэт, вина  1941-чу шеран  сентябрь  беттан   1-чу   дийнахь Грозненски   кIоштан  БердкIел  юьртахь. 1959-чу шарахь деша   воьду   Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан  хьехархойн институтан  филологин   факультете. 1963-чу  шарахь   тIехдика  дешарца  и чекх  а йоккхий, циггахь  хьехархочун   балхахь  вуьсу. Оццу шерашкахь  Мохьмад   вевза   поэт   санна а. Доккха похIма   долу   дешан  пхьар  сиха  билгалволу. Цуьнан  шатайпа   похIма  билгалдоккху   гIарабевллачу  поэташа  А.Твардовскийс,  Н.Тихоновс, М.Мамакаевс.

Халкъо  езаш   тIеоьцу  М.Дикаевн  поэзи. Ларамаза  дацара цуьнан  дукхах  йолчу   байтех халкъан  иллеш   хилар  (Масала,  «Сан даймохк»,  «Нохчо  ву со», «Ас   лоьхург   мила   ю», «Ленинградехь   кхиъна   йоI», иштта  кхин а). Цуьнан  поэзи   нохчийн  халкъан  эшаршна  герга   яра.  Иза а кхеташ   дара – къоман   лирика   дIаязъеш а,  иза   толлуш а  вара   Мохьмад,  нохчийн  эшарех лаьцна   Iилманан  болх  бу   цо  язбина.

Хьалхе хаьдда поэтан  дахар – Дикаев Мохьмад  кхелхина  1979-чу шеран  октябрь беттан  29-чу   дийнахь.

Зорбанехь   араевлла  М.Дикаевн   поэзин  книгаш: «Нохчийн  хIусам» – 1965,  «Догу  сан дог» – 1967, «Деган  мерзаш» – 1971,  «Стеган   цIе» – 1990.

Хатуев Iабдулхьамид, Нохчийн Республикин халкъан поэт, вина 1952-чу шеран сентябрь беттан 1-чу дийнахь ГIиргIизойчохь. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетехь. Къинхьегаман некъ дIаболийра Мескер-Эвларчу юккъерчу школехь хьехархо волуш. 1976-чу шарахь дуьйна журналистикин хьаьрмахь къахьоьгуш ву («Коммунизман  байракх» цIе йолу Шела районан, республикин «Грозненский рабочий» газеташ, нохчийн книгийн издательство, иштта кхин а).

Литературехь шен хьуьнарш зиэн волавелла школехь доьшуш волуш дуьйна. Стихаш зорбане йийлина муьран зорбанехь, юкъарчу гуларшкахь. 2007-чу шарахь араелира стихийн шен гулар «Бусалба сан Нохчийчоь», ткъа 2008-чу шарахь «Я веду себя на расстрел» цIе  йолу гулар а (оьрсийн маттахь).

Халкъалахь шуьйра девзаш ду цуьнан дешнаш тIехь даьхна дуккха а иллеш («Бусалбан сан Нохчийчоь», «БIаьсте ер ю», «Стиглара дIабайна седа», «Со дIаваьлча, юрт ма елхае»…).

Россин яздархойн а, журналистийн а союзийн декъашхо. 2007-чу шарахь поэтана елла «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлахь цIе.

Поэтан кхалхар хилла 2011-чу шарахь.

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: