Туристийн «Турфест» – 2015» фестиваль

ТIехьа-Мартанан кIоштахь чекхъяьлла регионашна юкъара кегийрхойн туристийн фестиваль «Турфест – 2015».

турфест

Кегийрхойн садаIаран а, спортехь шайн хьуьнарш зиэран а гIуллакх вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос а, ТIехьа-Мартанан кIоштан администрацис а. Фестивалехь дакъалоцуш яра ГIебартойн-Балкхаройчуьра, Къилбаседа ХIирийчуьра, Ставропольски крайра, Нохчийн Республикин цхьамогIа кIошташкара командаш. Кхаа дийнахь  ТIехьа-Марта юьртахь вовшахтоьхначу четарийн лагерехь Iийра фестивалан дакъалацархой.

Iер-дахаран дерриге а хьелаш долчу хьеша-цIийнехь а доцуш, арахь, четарийн лагерехь, буьйсанаш яхар а дара кегийрхошна шатайпа зиэр. Фестивалан программехь коьрта меттиг дIалоцуш спортан тайп-тайпанчу кепашкахула къийсадаларш дара (дуьхьалонаш йолчу асанах чекхдовлар, мини-футбол, волейбол, турник тIехь къийсадаларш, топ кхоссар, муш озор, иштта кхин а).

Спортан къийсадаларшкахь хьалхара меттиг хIусамдайша (ТIехьа-Мартанан кIошт) яьккхира, шолгIачу меттехь бара Шуьйтара кегийрхой, кхоалгIа меттиг Грозненски кIоштана кхечира.

Тоьллачу командашна а, спортсменашна а совгIаташ дIаделира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула министра Тагиев Мурата.

Фестивалан коьрта Iалашо кегийрхойн спорте а, туризме а хьашт кхоллар, СКФО-н регионашна юкъара уьйраш чIагIъяр, садаIаран керла кепаш яржор яра. И гIуллакх вовшахтохархой тешна бара фестиваль шен Iалашонашка кхаьчна хиларх.

Фестиваль ерзийра, Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан артисташа дакъа а лоцуш, хIоттийначу ловзарца. ТIехьа-Мартанахь дIаяьхьна кегийрхойн фестиваль дуккха а дагахь лаьттар ю цуьнан дакъалацархошна.

 

Хь.ДОВКАЕВ

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: