ХIо кху деношкахь Теркан районан ЧIуьлга- Юьртарчу «Солнышко» берийн бешарчу берашца цхьаьнакхийтира МЧС-н белхалой. Нохчийн Республикин Теркан районан цIеяларх лардаран №26 йолчу декъан инспектора Гумадаева Мадинас дийцарехь, бераш цIеяларх лардалийта а, цу хьокъехь йолу бакъенаш ларъяйта а, цIе яьлла бохам хилла меттиг хилахь, цигахь хIун дан деза берашна хаийта Iалашо йолуш вовшахтоьхна дара цхьаьнакхетар.
Цу хьокъехь МЧС-н белхалоша кечдинера къорзачу басаршца экстренни лоьмар а, цIеяларх ларваларан бакъенаш а тIехь йолу плакаташ. Ловзаран кепехь берашна йовзийтира вай лакхахь хьахийна бакъенаш. Цул сов, цара дийцира шайн атта боцучу балхах лаьцна а. Иштта Гумадаева Мадинас «Солнышко» берийн бешан кхетош-кхиорхой а, бераш а кхайкхира МЧС-н 25 шо кхачарна леринчу Теркан районан администрацехь а, цIеяларх лардаран №26 йолчу декъехь а болчу гайтаме.
З.САГАЕВА
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо