Вайн дайша лелийна дарбанаш

Кавказан тIеман шерашкахь  вайн махкахь доккха маьIна долуш хилла халкъан дарбанаш лелор. Уьш лелош берш йоккха корматалла  йолуш нах хилла.  Дас кIанте, хьехархочо дешархочуьнга  кховдош хиллачу лоьралло доккха  гIо дина цомгашчу нахана. Бецашца дарбанаш лелийна ца Iаш, халкъан лоьрашна  дика карайирзинера хирурги.

 19-чу бIешерашкахь шайн йоза-дешар  кхиаза хиллачу  къаьмнашна юккъехь лоьрийн лакхара Iилма Iамийна цхьа а вацара. Нахана дарбанаш деш берш Дала корматалла елла  нах бара.  Цу халчу муьрехь нехан  лазарш а, царна деш долу дарбанаш а  тайп-тайпана дара. Чевнаш хилла нах алссам хуьлура  тIеман къийсамашкахь.  Герз  кхетта, дегIан меже кагйина, коьртана чевнаш йина хуьлура уьш. Стаг иэтIо везаш, чевнаш а хуьлура царна юккъехь. ДегIан меже  яхкалуш, ког я куьг дIадаккха дезаш  меттигаш а нислора.  Уггаре а чолхе ларалора коьртана йина  чов.  Иштта чов йича, гам хьокхуш  хилла.  Цу чохь дIовш ца  даржийта, Iахаран дума коьрта  тIе  буьллуш а хилла. Дуьмо,  хье  чуьра дIовш  схьаозийна ца Iаш, хьен тIехулара чкъор тIеттIаозадора.

 Операцеш еш лоьраша лелош хилла базар аьрчо (квасцы), басар (сурьма), кIайн дIовш (мышьяковистая кислота) а, можа дIовш а (трехсернистый мышьяк), цхьаьна иэдина туьхий, хьелийн даьттий,  хьожа йогIу буцций,  Iаждар буцций, тайп-тайпана хьакхарш кхидерш а.

Хирургин тай деш хилла кIомалх я Iахаран чуьйрех. Цу тайца тоьгуш хилла  чов йина ятIийна  меттиг.

1855-чу шарахь арадаьллачу «Смесь» цIе йолчу тIеман-медицинин журналан агIонашна тIехь яздина дара: «Нахана дарбанаш деш ломарчу лоьраша шайна хьалха хIиттош йолчу коьртачу Iалашонех ю чов йинчу меттера цIий сацор, цу чуьра  дIовш даржо тарлуш йолу  хIуманаш дIаяхар, чевнах  шело цайолийтар».   И дерриге  кхочуш а деш, кхиамца операцеш еш хилла лоьраша.

народное лечение фото

ГIараваьллачу оьрсийн Iилманчас, хирурга, анатома Пирогов Николай Ивановича  нохчийн дарбанчех  болу шен тидамаш бийцина Кавказехула экспедици еш вовшахтоьхначу   гуларехь.  Цо иштта яздо Кавказан дарбанчех лаьцна: «Азерчу лоьраша деш долу дарбанаш ша-тайпа дара. Вайн лоьраша дегIан меже дIайоккхучехь,  иза дIа а ца йоккхуш, цунна дан дарба  карадора царна. ДегIан меженера шокъали схьайоккхуш бен цIий ца долура.  Герз кхетта даьIахк яхкаяла йолаелча, лоьро, чов йолу меттиг самса а йоккхий, цу чу дIаьвшаца (мышьякаца) тIадийна, цIена бехчалг юьллура. Масех дийнахь  иза цу чохь юьтура . Цул тIаьхьа, уьстагIан маIа  чов йолчу а юьллий, ноткъа схьаозайойтура».

Билгалдаккха деза, Кавказан тIеман шина а агIор болчу лоьраша цомгашчу а, чевнаш хиллачу а нахана гIо деш хилла хилар. Цара жоьпаллица кхочушдора шайн  корматаллин декхар. Пироговс яздеш ма-хиллара, паччахьан эскарна дуьхьал тIом беш чевнаш йинчу кавказхошна оьрсийн лоьраша гIо деш меттигаш дукха нисъелла. Шемалан наибан Бенойн БойсагIаран ког дIабаьккхинарг  а Пирогов вара.

 ГIалагIазкхичун Фролов Власан ког бахкабала а болабелла, иза дIабаккха беза аьлла хилла  Пироговс.  Амма, Власан да реза ца хилла операци яйта.  Халкъан дарбанашца иза товира  БоргIанерчу Юсупа.  Нохчийн лоьраш гуттар а дуьхьал бара дегIан меже дIаяккхийтарна. ГIараваьллачу оьрсийн яздархочо Л.Толстойс  цу хьокъехь яздо «Казаки»  повестехь.

 Кавказехь  девзинчу халкъан дарбанаша  Пирогов тешийра  чов йина  меженаш дIаяха сихвала мегарг цахиларх .  Шен а, дуьненна а бевзачу хирургийн (Ларрей, Перси, Хененн, Томсон, Герри, Лангенбек) цу декъехь болу хьежам хийцира гIараваьллачу хирурго.

Адамийн могашалла меттахIоттош тайп-тайпана дарбанаш лелош хилла лоьраша. Цамгаре хьаьжжина хилла деш долу дарба.

Кагъелла  я чуьраяьлла меженаш  меттахIиттош болу  дарбанчаш а хилла хьалха. Меженна тIехула куьг хьаькхча, къасталуш хилла цаьрга  даьIахк муьлхачу хьолехь ю . Цуьнга хьожжий, даьIахк  хIотта езачу метте, белхьам буьллуш хилла. Дамий, хIоьан буьйрий вовшех а иэдой, кечбеш хилла цу тIе буьллуш болу  белхьам.

Букъаца долу лазарш къастош дарбанчаш а хилла.  Цхьайолчу ярташкахь хIинца а бу уьш. Букъан даьIахкаца долчу лазаршна дарба дина ца Iаш,  берашна кхетта чохьлазар дIадоккхуш хилла цара. 1-2 минот бен хан а ца йойъуш,  букъан лахарчу даьIахкана шатайпа массаж а йой, тодеш хилла цара бераш.

Лазийначу дегIан меженашна дарба дарал совнаха, пхенашца а, цу чухула лелачу цIийца а йоьзначу цамгаршна дарба деш хилла халкъан лоьраша. Лакхара  таIам  хилча, цIий хьех ца кхетийта, коьртан пхенах ира хIума а тосий, цIий дIадохуьйтуш хилла. Иштта дарба дечу лоьрах, «пхатухург» олуш хилла.

ДегIан чкъураца долу лазарш тодеш а хилла дарбанчаша. Тахана кхераме лоруш долу «псориаз» лазар («хинжа баккхар» олу цунах) мехаца дIадоккхуш хилла.

Бежанийн чоконех пайда а оьцуш,  кегийчу берашна дарба деш меттигаш а хилла.  ГIийла, тIе ца догIуш я кога ца доьдуш долу бер, хIинцца урс хьаькхначу бежанан гай датIа а дой, цу чуьрачу кхош юккъе дуьллуш хилла. Довхачу кхоно дарба деш хилла цомгашчу берана.

Лечение-рака-легких-народными-средствами

 Тайп-тайпанчу цамгаршна дарбанаш деш пайда оьцуш хилла уьстагIан а, газанан а цIоканах. Лазийна а, шелъелла а, кагъелла а дегIан меже цуьнца тоеш хилла. Пайдехь лоруш хилла газанан даьтта а, шура а. Шелонах лилхинчу цамгаршна тахана а леладо цаьрца дарбанаш.

Адамийн могашаллаш тоеш пайда оьцу Iаламан мехаллех а. Уьш ду тайп-тайпана хиш: Горячеводскера, ЧIаьнта-Органан, Серноводскера, БоргIанера,  Мелчхера а. Цу хишца вайнаха дарбанаш дина ца Iаш, кхечу гIаланашкара нах а ихна  шайн могашалла тоян.

Цу хиша деш долу дарбанаш дуьйцуш, хьахо догIу Органо дIадоккхуш хилла кIамдар. И лазар кхетта стаг ЧIишкана лакхахьахула охьадогIучу Орган чохь луьйчуьйтуш хилла. Шайца саьнгал долу ЧIаьнта-Органан хиш цу меттехь кхеташ хилла Органах.  Говзанчаша дийцарехь, кIамдар дIадоккхуш долчу хьакхаршна юкъахь саьнгал ду.

Дуккха а ду халкъан дарбанех лаьцна дийца. Царех цхьадерш хIинца а леладо вайн ярташкахь, цара могашалла метта а хIоттайо.

Б.ДУДАЕВА
Авторан сурт

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: