«Бусалбанийн дуьне – тахана»

 

аьллачу темина «горга стол» дIаяьхьира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин журналистийн союзан председатель Хатуев Ислам, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин меттан а, литературин а отделан Iилманан лаккхара белхахо Салгиреев Асланбек, хьехархойн институтан  ингалсан меттан кафедрин заведующи Давлетукаева Асет, философин, политологин, социологин кафедрин заведующи Гадаев Ваха, ингалсан меттан кафедрин лаккхара хьехархо Рамазанова Разет, иштта хьехархойн институтан студенташ а.

Цхьаьнакхетар долош вистхилира Хатуев Ислам: «Таханлера бусалбанийн дуьне дуьйцуш хилча, цхьадолу терахьаш билгалдаха догIу. Бусалбанийн дуьне тахана – иза 1,5 миллиард адам ду,  хІора  шарахь  хуьлучу бусалбанийн дуьненаюкъарчу  конференцина юкъабогIуш 60 мохк бу. Бусалба дин де-дийне мел долу кхуьуш ду, алссам бовлуш бу дин тIеоьцурш. 1,5 миллиард – иза доккха уммат ду. Бакъду, цхьаалла яц таханлерчу дийнахь бусалбанашна юкъахь. Тайп-тайпанчу тобанашка бекъа а белла, вовшашца мостагIалла лелош  бусалбанийн мехкаш ду дуьненахь. Бусалбачу нахана уггаре а чIогІа оьшург цхьаалла ю».

Таханлерчу дийнахь дерриге а дуьненахь 7 миллиард гергга адам ду. Царех 90 процент Делах тешаш нах бу (муьлхха  лелийна а, цхьа дин лелош берш). Йисинчу итт процентана юкъадог1у адамаш  цхьа а дин я Дела къобалвеш дац. Ткъа бусалбанаш, масала, Азехь – 840 миллион, Европехь  – 50 миллион, Африкехь – 400 миллион, Iамаркехь 9 миллион бу. Россехь 25–27 миллион бусалба стаг ву. Цу юкъахь бу Къилбаседа Кавказехь Iаш болу 3–4 миллион гергга бусалбанаш. Вайна ма-хаьара, нохчий – Къилбаседа Кавказехь уггаре а доккха къам ду (цхьа миллион кхо бIе сов стаг), уьш массо  бусалба дин лелош а ву. Нохчийчохь Iачу бусалбанаша лелош ши тIарикъат ду: къадарийн а, накъшбандийн а. Дагестанехь и шиъ доцург, кхин цхьаъ – шазилин тIарикъат а ду.

«Горгачу стоьлехь» гулбеллачу студенташа бусалба нах бекъабелла хиларх а, Шемахь болчу тIамехь дакъалацарх а, кхидолу а хаттарш дира говзанчашка. Царна жоьпаш деллачул тIаьхьа, цхьаьнакхетар дерзийра.

А.ВАХАЕВА

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: