Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийн Республикехь болчу векалша I-чу группин заьIапхо йолчу (22 шо долчу) Алиева Тамарина ДЦП цамгар йолчарна лерина электроприводца йолу гIудалкх эцарехь а, дарба лело Росси иза хьажорехь а накъосталла дина.
ЙоIана гIодар доьхуш, цомгаш йолчун нана еанера Халкъан фронтан отделене. Регионан «Социальни нийсо» белхан тобанан векалш АлиевгIеран доьзалехь хилира, уьш вуно халачу хьелашкахь Iаш хилар а хиира царна – Тамарин да-нана цкъачунна бан болх боцуш дисина. ДЦП цамгаран хала кеп хилла ца Iаш, даьIахкийн туберкулез а ю йоIана. Хала ду дена-нанна йоIана тIехьовса а, цуьнан гIуллакх дан а, хIунда аьлча доьзалехь кхин кхо бер ду, царех цхьанна «шекаран диабет» цамгар ю.
Тамарина дарба лелош волчу лоьро эпикриз ца хIоттош масех бутт а бара. Иза ца хилча, республикин дозанал арахьа дарба дан йиш хилийта йоккхуш йолу квота йоккхийла дац. Ткъа вайн республикехь даьIахкийн туберкулезна дарба лелош больница яц.
Халкъан фронтан векалш Социальни страхованин фонде (ФСС) кхаьчнера цомгашчу йоIана сиха гIодар доьхуш. Иштта, туберкулезан больнице дIахьедар а динера цара, йоIана кхечанхьа дарба дайтархьама оьшуш йолу эпикриз хьеяран бахьана хоьттуш. ФСС-хь кхетийра йоIана заьIапхойн гIудалкх эцар хьедар, цуьнан мах билггал хууш цахиларца доьзна дара, аьлла. ХIунда аьлча долларан мах охьа-хьала буьйлуш хилар бахьанехь, техникин мехаш цхьана меттахь «ца лаьттара». Цул сов, гIудалкх эца ахчанца кхачояран а, иза (гIудалкх) Нохчийчу схьаяийтаран а хаттарш дийцина довлаза дара. Фронтан жигархоша гIайгIабар бахьанехь йоIана «дIасалела» оьшуш йолу техника сихонца схьакхачийра. Ткъа тубдиспансерехь, шайга динчу дIахьедарна жоп луш, лор чIогIа мукъавоцуш хиларна хьем бинера шаьш аьлла, эпикриз эххар а схьаелира. Лакхахь билгалъяьккхинчу регионан белхан тобанан куьйгалхочо, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин Нохчийчохь йолчу отделенин директора Аздаева Рабус хаам ма-барра, карарчу хенахь, Алиева Тамарина дозанал арахьа дарбадайта мел оьшу кехаташ кечдина ду, герггарчу хенахь йоI новкъа яла езаш ю.
Дагадоуьйту, Ерригроссин халкъан фронт – 2011-чу шеран май баттахь кхоьллина юкъараллин ницкъийн коалици ю. Боламан куьйгалхо ларалуш ву Россин Президент В.Путин. Мехкан 85 регионехь шен отделенеш ю фронтан. Организацин коьртачу Iалашонашна юкъадогIу «майски указаш» а, пачхьалкхан куьйгалхочун тIедилларш а кхочушдарна тергояр а, коррупцина дуьхьало яр а. Халкъан фронтан декъехь кхоьллина «Юкъаралла а, Iедал а: ма-дарра къамел», «Дешар а, культура а – къоман шатайпаналлин билгало», «Iер-дахаран хьал», «ЦIена а, бакъйолу а экономика», «Социальни нийсо» цIерш йолу белхан 5 тоба а, юкъараллин мониторинган туьшаш а ю.
А.ВАХАЕВА
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо