Дукха хан йоццуш, Нажи-Юьртан кIоштарчу Зандакъ-Ара юьртахь шатайпа дагалецаме цхьаьнакхетар хилира ХIХ-чу бIешерахь кху юьртара Хонкара махка кхелхинчу Бах1ал шайхан тIаьхьенийн.
«Ши шо кхечи Зандакъ-Арахь Гребенски станицерчу хьуьжаран (медресен) БахIал шайхан цIарах йолу филиал схьайиллина. И хьуьжар дIаелларца шен Iалашо кхочушйина ца Iаш, Къуръанан йоза юьртарчу берашна Iамош, дешаран терго еш, дика вовшахтохархо хилла схьавогIу Эдилов Ахта-Хьаьжа. Доккха беркат ду юьртахь хьуьжар хилар. И дерриге а беркат доьзна ду эвлаяан дакъа Дала шена кхачийна хилла волчу, кху юьртара схьаваьллачу, Воккхачу Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) тешаме мурд хилла волчу БахIал шайхаца, вайн ДегIастанахь бусалба дин лелор маьрша даьккхинчу Ахьмад-Хьаьжица, цуьнан кIантаца Рамзан-Хьаьжица. Тахана дагардина вер вац КадыровгIеран ден а, кIентан а беркатца Нохчийчохь схьадиллина керла, куьцехь долу маьждигаш, схьайиллина хьуьжарш, шайн коьртехь Ахьмад-Хьаьжас дуьххьара вовшахтоьхна Курчалой-Эвлара институт а, Соьлжа-ГIалахь схьайиллина Кунта-Хьаьжин цIарах йолу Россин исламски университет а йолуш, хафизийн школаш…», – иштта долийра БахIал шайхан хьуьжарехь хиллачу цхьаьнакхетарехь шен къамел юьртан дика-вон листарехь даима хьалха ваьлла хуьлучу, маттана говза волчу юьртан тхьамдас Умханов Ахьмада. Цо довзийтира хIара цхьаьнакхетар вовшахтохаран бахьанаш а.
–Тахана кху хьуьжарехь вайца цхьаьна бу БахIал шайхан кIентан Хадж Исмаилан кIентан Салехьан Иорданехь бехаш болу кIентий Ахьмад а, Iабдул-ХIади а. Уьш верриге а пхи ваша ву. Царна хьалхаваьлла вайн махка веана Беной-Веданара схьавалар долуш волу, Нохчийчохь кеста-кеста хуьлуш волу Иорданера Iабдул-Гапур (цуьнан йоI Асмаъ ю Iабдул-ХIадин хIусамнана). Церан кхуза бахкар цхьа Iалашо йолуш ду – БахIал шайхан хиллачу гергарлонийн тIаьхьенаш йовзар. Дукхах долчу декъана вайн юьртахо Дибиров Салид-Хьаьжа бахьана долуш вайна девза БахIал шайхах цуьнан гергарлонийх а дерг. ХьаьжцIа моссаза воьду Иорданехь соцуш, талламаш беш, Салид тIаьхьакхиар бахьанехь ду и дерриге а.
– Тахана вайна гуш долу сурт иштта ду: Элмарзин кIентан Товмирзин кхо кIант хилла Зандакъ-Арахь вехаш – Эсамболат, БахIал, ЧагIи. Эсамболатан тIаьхьенех бу Зандакъ-Арахь а, Гребенскойхь а, Шелковскехь а бехаш болу ДжамирзаевгIар, СайхановгIар, ЭлихановгIар, ЦоккуевгIар, ШемилхановгIар, КадиевгIар. Ши шо бен хан яц ЧагIин тIаьхье Энгель-Юртахь хааелла. Цуьнан тIаьхьенах бу тахана вайца болу вежарий Мохьмад, Махьмуд, Ахьмад, Ахъяд, Амхьад, церан шичой Илес, Идрис. Ткъа БахIалан тIаьхье ю, лакхахь билгал ма-дарра, Иорданехь а, кхечу мехкашкахь а. Доцца аьлча, тахана вовшийн бовза а, гергарло юха карладаккха а таро ю-кх кхаа вешин Эсамболатан а, БахIалан а, ЧагIин а тIаьхьенийн! Дала беркате дойла хIара дIадолор!
Дош элира Иорданерчу Iабдул-ГIапура. Цо дийцира, ши шо хьалха ша шен йоIаца а, цуьнан шина бераца а (Iабдул-ХIадин кIантаца Исламаца а, йоIаца Даница а) БахIал шайхан гергарлонаш лоьхуш, Гилнахула, Зандакъахула чекх вийларх Салид-Хьаьжица цхьанакхетарх БахIал шайхах дерг цо шена Салида довзийтарх лаьцна а. «ЧIогIа лаам бара БахIалин тIаьхьенийн кху махкахь долу шайн гергарлонаш довза, цундела нисделла сан царна хьалха ваьлла кху шарахь Даймахка вар а», – аьлла, дерзийра хьешо шен къамел.
Дош шега ийцира Салехьан Ахьмада:
– Суна тахана доккха хазахетар хили, суна карий сайн вежарий. Вежарий-м дерриш ду вай, бусалбанаш, Дала мукъ лахь, делахь а, цIийца гергарло долу нах карор доккха хIума ду! Со воккхаве воь шух, сан юьртахой, воккхаве аша шайн юьртахочун сий-пусар дарх, и виц ца веш, цуьнан цIарх хьуьжар йилларх! Дала сий ма дойийла шун! Дала мукъ лахь, вай гергарло лелор ду, дIай-схьай оьхур ду, вовшех марзо а оьцур ю. Дала сий дойла Ахьмад-Хьаьжин а, Рамзан-Хьаьжин а, хIара паргIато, хIара маршо вайна яьккхинчу! Бахьанаш хилла хир ду БахIал шайхан хIара ялсамане мохк бита, вайна и къайле хуур яц. Цхьаъ ах бIе шо даьлча карладели хилларг, карлаели яхана зама. Дела реза хуьлда шуна, юьртахой, бусалба вежарий!
Цул тIаьхьа вистхилира Кадиев Завудди. Цо даггара баркалла элира хIара цхьаьнакхетар вовшахтоьхначарна, къаьсттина Iабдул-Гапурна, БахIал шайхах дерг ма-дарра схьакхачош къахьегна волчу Салид-Хьаьжина. Цо иштта баркалла элира, гергарлонаш лоьхуш, шайн Даймахка баьхкинчу вежаршна Ахьмадна а, Iабдул-ХIадина а, Энгель-Юьртара баьхкинчу ЧагIин цIийнах болчу вежаршна а, Майртуьпара баьхкинчу хьешашна а, цхьаьнакхетаран кхиболчу дакъалацархошна а.
ЛадугIучарна товш, хаза дош элира: Гребенски станицерчу хьуьжаран хьехархочо, юьртан имаман гIоьнчас Дибиров Анвар-Хьаьжас:
–Уггаре а хьалха вай вовшашца лелош долу гергарло Делан дуьхьа ду, вай бусалбанаш хиларе терра, Дела цхьаъ а веш, Делан Элча бакъ а веш. Цул тIаьхьа ду вай йиша-ваша хиларна лелон гергарлонаш. Гергарло дезаш, зIенаш йовза лууш баьхкина вай долчу вайн юьртахой – БахIалан тIаьхьенах болу Иорданера вайн вежарий. Хьаша даима шеца беркат дохьуш вогIу, и беркат дохьуш баьхкина хуьлийтойла Дала хIара хьеший а.
Воккхачу Хьаьжас чIогIа лоруш хилла шен тешаме мурд БахIал шайх. Зандакъара ГIеза-Хьаьжа, БахIал шайх, Иласхан-Юьртара Кунта-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла церан) лаккхарчу эвлаяийн дарже кхаьчна, Делан лайш хилла бу. Вайн тхьамдас БахIал шайхе Устаз хила бакъо кховдийна хилла боху жайнаша. Амма вайн юьртахочо и тIе ца лаьцна, Воккхачу Хьаьжин мурд а хилла, цуьнан вирдехь чекхвалар лиъна.
Иштта лераме хилла волчу БахIал шайхан тIаьхьенах болу хьеший тахана вай долчу бахкар, цуьнан цIарах йолчу хьуьжарехь, цуьнан юьртахь вай цхьанакхетар шен доккха маьIна долуш гIуллакх ду. Дала вовшийн деза, лара могашалла лойла вайна, Дала беркате дойла вайн цхьаьнакхетар…
Къамел дира Энгель-Юьртарчу ЧагIин цIийнах волчу Илеса а, Мохьмада а. Цара дийцира, ЧагIа, Зандакъ-Арахь имам а лаьттина, цул тIаьхьа, цхьацца бахьанашца доьзна, кхелхина Энгель-Юьрта охьа вахана хиларх лаьцна. Цигахь а имамалла лелийна цо, дIавоьллина кошан билгало а ю цуьнан. ЧагIи а, цуьнан воккхах волу кIант Муза а цхьана каш чохь дIавоьллина а ву. Тхуна чIогIа мехала ду, дуй а ца хууш хилла гергарлонаш тахана гучадовлар.
Соьлжа-ГIалахь вехаш волчу, Сирехь тIемаш болабелча вайн махка кхелхина веанчу, БахIалин йоьIан ЗахIрин йоьIан Марьяман кIентан Iаднанан кIанта Басира (Iаднан Советийн зама йохале шен хIусамненаца Миновварца вайн махкахь а хилла, масех шо хьалха дIа а кхелхина) а хаийтира шена хIара таханлера цхьанакхетар товш а, пайден а хетар.
Вочу хIуманан дай бац Иорданехь бехаш болу вайнах. Бусалба динца бу, совнаха хIума дац. Ткъа хIара ши ваша баккъал шайн гергарлонаш оьшуш, лоьхуш араваьлла, хIорш хIинца тIаьхьа а кхии. Дала беркате дойла цхьаьнакхетар! – элира шен къамелехь Иорданера баьхкина хьеший тIелаьцна волчу Беной-Веданарчу вахархочо Iубайда.
«Ворда, лелийча тишло, гергарло, ца лелийча тишло» олуш ду вайнехан, аьлла долийра шен къамел Шовхал-Берд олучу юьртан векало, Iабдул-ГIапураца уллера гергарло лелош волчу Джабраилов ХIарона. Цо дийцира, ша хилла ца Iаш, дуккха а нохчий Iабдул-ГIапур волчохь хуьлуш хиларх а, дика хьошалла дарца цо уьш тIеоьцуш хиларх а лаьцна. ЧIогIа товш, мехала ду хIокху шина вашас шайн орамаш лохуш хилар, шайн буха тIе хIорш кхиа гIертар. Мехала ду иза тIекхуьучу къоначу чкъурана а, билгалдаькхира ХIарона.
Оццул доккха гергарло Нохчийчохь шен хир ду аьлла хеташ вацара ша, элира шен къамелехь Iабдул-ХIадис. «Шу доггах лелаш хилар хаало кхузахь долчу адаме хьаьжча а. Дела реза хуьлда шуна, Дала гергарло лелон могашалла а, хьунар а лойла вайна!» – элира цо.
Бенойн-Веданарчу Себиров Мовсара довзийтира Сесанарчу Воккхачу Хьаьжех долу цхьацца керла билгалдевлларш.
Дуьйцург Иорданерчу хьешашна Iарбойн матте доккхуш, церан къамел нохчийн матте гочдеш вара цхьаьнакхетарехь Iабдул-ГIапур.
ЖамIатехь делкъа ламаз динчул тIаьхьа, цхьанакхетарехь мел хилларг сагIех кхоьтуьйтуш, юьртахоша комаьрша шун хIоттийра.
Хьуьжарера ара бевллачул тIаьхьа, вовшашка хеттарш деш, массо а хIуманна тIекхиа гIерташ, яхара дикка хан. Дехира хьуьжарехь а, арахь а суьрташ, безаман марзо хилла, тIаьхьарчу тIаьхьенашна дуьсу долу. Мерза дара дIасакъастар а.
Хьешийн лаам тидаме а эцна, еа машенахь БахIалан ирзе яхара йоккха тоба, БердакIел олучу метте. Оцу ирзон когашкахь, БургIалт-хина аьтту агIор яра БахIал халбатахь Iийна меттиг, текхарш хиллалц билгал а йолуш. ХIинца билгало а ца йисна. Иштта, и меттигаш теккхалц дара, мангал хьокхучара мала а кхоьхьуш, Бахалан шовда олуш, хина аьтту агIор бухдолуш шовда а…
…БахIал шайхана тIаьхьа хIиттина хиллачу беноша а, аьккхаша а, хьаннийх цIандина, даьккхина олуш ду хIара ирзо. Кхузахь отарахь ваьхна иза. Мухха делахь а, 1864-чу я 1865-чу шарахь махках а ваьлла, Хонкара вахана БахIал. Цигахь цуьнан цIарах юрт а хилла. Юьртахоша цхьацца гал хIумнаш лелон доьлча, царна реза ца хилла, БахIал Сирин махка вахна бохуш дуьйцу цуьнан тIаьхьенех болчара. Къунайтра олучу юьртахь ваьхна иза Iожалло лаццалц. Цигахь долчу кешнашкахь зиярт а хилла боху цуьнан, амма оцу кешнийн а, зияртан а йисина лар яц, жуьгташца тIом хиллачул тIаьхьа.
Цхьаъ ах бIе шо даьлла БахIал шайх ша винчу махках ваьлла, Хонкара вахана. Вайна цкъа ца хууш долу бахьанаш хилла хир ду и махках валаран. Билгалдаьлла ду, Шемал кара а воьдуш, Кавказски тIом чекхбаьлча, эвлаяийн дакъа долуш болу нах, бусалба Iилма шайца долу нах, адам тIаьхьа хIуттун долу нах паччахьан Iедало шайн яртех бохий, юхабахка некъ а боьхкуш, арен тIе бохуш хилла хилар. Ишттачарех ву ГIеза-Хаьжа а. Оццу бахьаница юрт йитина хила там бу аьлла хета БахIал шайха а.
Тахана коьртаниг кхин ду. Оццул хан яьллачул тIаьхьа, вайн халкъан турпалхой Ахьмад-Хьаьжа, цуьнан кIант Рамзан-Хьаьжа бахьана долуш яьллачу бусалба динан маршоно, некъан паргIатоно таро хилийтина вайн махкахойн вовшийн гергарлонаш лаха, каро, юха карладаха. Оцунна тоьшалла ду хIинца вай дийцина кхаа вешин – Эсамболатан, БахIалан, ЧагIин тIаьхьенийн Зандакъ-Арахь БахIалан цIарах йолчу хьуьжарехь дуьххьара хилла вовшахкхетар а. Сий-пусар дан деза хIокху паргIатчу заманан а, хIара зама вайна гергаялийначу яхь йолчу кIентийн а!
А.Алахмадов
Х.Дибировн сурт
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо