ХIокху деношкахь Нохчийн Республикерчу «ТIепаза байнарш лахар» организацин зударий бусалбанашна чIогIа сийлахь йолчу меттехь – «Хедин зияратехь» – хилира. Хеда шайх Кишиев Кунта-Хьаьжин (Дала къайле цIинйойла цуьнан) нана ю. Иза Веданан районерчу Эртанахь дIайоьллина ю.
Деле гIодар а, дарбадар а доьхуш, эзарнаш адамаш догIу Хедин коша тIе.
Зударий зиярте бигира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIенаш латторан департаменто, республикин транспортан, зIенан министерствос гIо а лоцуш.
Зударий зерате бигарехь дакъалецира департаментан директоран заместитела Эльмерзаев ИсмаьIала, департаментан юкъараллин организацешца бечу белхан отделан хьаькама Байсултанова Розас, Эртана юьртан имама Доскаев Мохьмад-Хьаьжас.
Оцу сийлахьчу метте дIакхаьчча, юьртан имама М-Хь.Доскаевс гулбеллачарна дийцира зератан маьIнех а, сийлахьчу меттехь хIун дан деза а. Цо шен къамелехь билгалдаьккхира эвлаяъ боккха сий-ларам доккха маьIна а долуш хилар. Иза халкъашна юкъахь маслаIат деш а, динан, вовшийн лараран буха тIехь уьш цхьабарт беш цхьаьнакхетарехь а, вовшашна герга хиларехьа юкъавуьйлуш а вара.
Дукхах болу зударий Эртана зерате дуьххьара бахана бара. Цара зерате чубахале доIа дира.
«Боккха бала бу оцу зударшкахь, амма шайна хиллачу бохаме ца хьуьйсуш, бакъболчу бусалбанийн зударшкахь догIуш ма-хиллара, уьш ца бухуш, къар ца луш схьабогIуш бу. Уьш ца бохаро а, юха ца бовларо а, Делах тешаро а ницкъ болуш бо и наной, зударий, йоIарий», – билгалдаьккхира Эльмерзаев ИсмаьIала.
Цо иштта билгалдаьккхира зерате бахар санна долчу гIуллакхо дин чIагIдарна а, вайн халкъан гIиллакх-оьздангалла Iалашъярна а гIо деш хилар.
«ТIепаза байнарш лахар» организацин куьйгалхочо Кагирова Тамарас дийцарехь, царна дагахь а дацара шайн дехар кхочушдеш, шаьш иштта сиха зерате дуьгург хилар. Зиярте, баханчара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директорна Дадаев Ризванна баркалла элира шаьш зерате дигарна.
М.Эльмерзаев,
динан, юкъараллин организацешца йолчу зIенийн
департаментан директоран заместитель;
Т.Кагирова,
«ТIепаза байнарш лахар» организацин куьйгалхо.
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо