2015-чу шеран 25-чу августехь Соьлжа-ГIаларчу Президентан лицейхь «Дешаран дикалла лакхаяккхар а, Нохчийн Республикехь 2015-чу шарахь хиллачу ЕГЭ-н жамIашдар а» темина августан хьехархойн конференци дIаяьхьира.
Цигахь дакъалецира Дешаран а, Iилманан а декъехь терго латторан Федеральни службин куьйгалхочо Кравцов Сергейс, цуьнан заместитела Музаев Анзора, Пачхьалкхан службин а, белхахойн гIуллакхийн а департаментан директора Голубовский Владимира, Белхахойн говзалла лакхаяккхаран а, хьехархой кечбаран а академин ректора Малеванов Евгенийс, А.С.Пушкинан цIарахчу оьрсийн меттан пачхьалкхан институтан проректора Яскевич Маринас, Меттан тестированин а, миграционни политикин а туьшан директоран заместитела Корепанова Татьянас, Нохчийн Республикин Правительствон председателан заместитела, экономикин а, мохк кхиоран а, мах лелоран а министра Магомадов Iабдуллас, Дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, кхечу официальни наха.
Конференцин дакъалацархошка маршалла а хоттуш, вистхилира Магомадов Iабдулла. Вайн Республикин Куьйгалхочун Р.Кадыровн цIарах дешаран керла шо доладаларца декъалбира цо зал чохь гулбелларш. Ламаст хилла схьадогIуш ду августан конференцис дешаран шо дIадолош хилар.
Иштта I.Магомадовс билгалдаьккхира дешаран декъехь долу хьал тодар вайн республикин куьйгалло шена хьалхахIитточу коьртачу Iалашонех хилар.
«Р.Кадыровн тIедилларца вайн республикехь керла йина схьайоьллуш 27 школа ю, уьш 14500 дешархочунна лерина ю. Хьехархойн сий лакхадаларца, цуьнца цхьаьна церан токхо а совяьлла. Дика хеташ ду школашкахь къона говзанчаш алсамбовлуш хилар а. Эвсаре контракт юкъаялорна лерина белхаш а бу оха дIахьош», – элира I.Магомадовс.
Конференцехь коьрта доклад йира дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIила. Иза лерина яра вайн республикин дешархоша ЕГЭ дIаяларан жамIашна а, иштта дешаран керлачу шарахь дешаран дикалла лакхаяккхарна лерина дан деза гIуллакхаш дийцаре дарна а.
«2015-чу шарахь Нохчийн Республикехь 19117 дешархочо дIаелла ЕГЭ. Царна юкъахь ву 2015-чу шарахь школа чекхъяьккхина 13508 дешархо, 4343 дешархо – дIадевллачу шерийн юкъарчу дешаран учрежденийн арахецархой (3167 дешархо 2014-чу шарахь школа чекхъяьккхина ву). ЕГЭ дIаяла бакъо ца елла 1266 дешархочунна. Экзаменаш дIаяларан низам лардеш вара 63 федеральни а, 108 региональни а тергамхо, иштта 200 ЕГЭ-н комиссин декъашхо. 14 предметехула 64 куьпахь дIаелла экзаменаш, уьш ерриге а терго латторан гIирсашца кхачо йина а яра. Дукхах йолу экзаменаш дIаяларан куьпаш видеотергонан гIирсаш хIиттийна яра, рамки чухула бен чуваха йиш йоцуш.
ЕГЭ дIалучу хенахь 91 низам талхор гучудаьлла. Царах 63 – «шпаргалкаш» лелор, 10 – телефонах пайдаэцар, и.дI.кх. Низам талхийнарш, экзаменаш юха дIаяла бакъо а йоцуш, ГЭК-н сацамца юкъара дIабаьхна. ЕГЭ дIаеллачарна юкъахь 554 дешархочо 70 а, цул сов а баллаш яьхна. Амма 100 балл цхьамма а ца яьккхина. Билгалдаккха деза 2015-чу шеран жамIаш лахара хилар, амма цхьана а хIуманна тIехь озабезамаш боцуш хилар.
Федеральни туьшо «ЕГЭ-н туристаш» аьлла цIе тиллина вара 394 дешархо. Царех 175 дешархо кхечу регионашкара веана вара вайн республике. 219 дешархо Соьлжа-ГIалара ярташка дIавахнера. Царна лерина къастийна куп яра, цара гайтина жамIаш а кхузарчу дешархойн санна дара (как у местных выпускников)», – элира цо.
Предметаш дIаяларан баллаш а, маса дешархочо уьш хаьржина а довзийтира И.Байхановс. Масала: оьрсийн меттан юкъара 35 балл ю (15949 дешархочо дIаелла), математикин (б) – 3 балл (7127 дешархочо), математикин (п) – 18 балл (11469 дешархочо), физикин – 28 балл (4402 дешархочо), химин – 29 балл (4276 дешархочо), обществознани – 27 балл (14407 дешархочо), литература – 23 балл (1366 дешархочо), информатикин а, ИКТ-н а – 11 балл (1644 дешархочо), биологин – 28 балл (5747 дешархочо), историн – 24 балл (10695 дешархочо), географи – 28 балл (2409 дешархочо), ингалсан мотт – 18 балл (790 дешархочо), французийн мотт – 58 балл (8 дешархочо), немцойн мотт – 36 балл (18 балл).
«Халахеташ делахь а, оцу терахьаша гойту Нохчийн Республикин школаш чекхъяьхначарна Россин Федерацин лаккхарчу дешаран учрежденашка деша хIитта хала хирг хилар. 2014-чу шарца дуьстича апелляцеш алсамъевлла. Иштта, 2015-чу шарахь 4808 апелляци чуелла, царех 758-нна дикачу агIор жоп делла, – элира И.Байхановс. – Оцу жамIаша вайна тIедуьллу Нохчийн Республикин юкъарчу дешарехь хIоьттинчу хьолана керлачу некъашца тIедахар. Оха масех кхеташо дIаяьхьна оцу хьокъехь, цигахь тIеэцна и проблемаш дIаяха вай дан дезачу гIуллакхийн планаш. Масала: федеральни системица догIуш а долуш, республикехь дешаран дикаллин мах хадоран механизм вовшахтохар; федеральни пачхьалкхан юкъарчу дешаран стандарташца догIуш а долуш, республикехь коьрта дешаран программаш Iаморан кеп кхоллар; дешаран учрежденийн бераш Iаморан дикаллин информаци а, церан жамIаш а довзийтар; республикин дозанал арахьарчу пачхьалкхан-юкъаралло дешаран мах хадор чIагIдар; дешаран кхиамийн информаци вовшахтохар. Оцу гIуллакхашна тIе а тийжаш, ерриге а муниципальни дешаран урхаллаша юкъарчу дешаран учрежденийн дикалла айъарна лерина дIаяхьа езачу мероприятийн планаш кечйина».
Конференцехь къамел динчу С.Кравцовс билгалдаьккхира Рособрнадзоран куьйгалхочо а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо а йийцаре а йина, Нохчийн Республикин дешар лакхадаккхарна лерина хIоттийна план хилар.
«Школийн а, муниципалитетийн а мах ЕГЭ-н жамIашка хьаьжжина хадо мегар дац, – билгалдаьккхира цо. – Амма, дешархойн хаарш лакхара хилийтархьама, вай лакхадаккха деза хьехархойн говзаллин тIегIа.
Къилбаседа Кавказан регионаша лахара жамIаш гайтина. Амма дешархошна аттестат схьаэцаран аьттонаш хилийтархьама, хила езачу баллийн терахь лахадаккха хьовсур ду тхо», – элира С.Кравцовс.
С.Кравцовс Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Р.Кадыровна лерина «ЕГЭ лаккхарчу тIегIанехь дIаяхьарна юкъа мехала дакъа дилларна» Баркаллин кехат делира I.Магомадовга.
Конференцин хьалхара дакъа чекхдолуш, 2015-чу шеран ЕГЭ дIаяхьарехь беркате къахьегарна, Рособрнадзоран Баркаллин кехаташца билгалбехира дешаран белхахой.
Нохчийн Республикин министерствос хIоттийна план йийцаре йира конференцин шолгIачу декъехь. И гIуллакх дIадаьхьира журналисташ боцуш.
Л.ИБРАГИМОВА
К.Ахматован сурт
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо