Бух боцу сацам бохийна
Соьлжа-ГIалин Ленински районан суьдо шен сацамца цхьана декъана нийса лерира Аппазов Хьасайна а, кхечара а шайна хилла моральни зиэ меттахIоттадайтар доьхуш Россин финансийн министерстве бина искан лехамаш. Федеральни бюджетера царна 15 миллион 400 эзар соьман барамехь ахча дIадалар тIе а дожийра.
Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо къастийра цуьнца доьзна прокуроро елла хилла апелляци. ТIеэцначу сацамна тIехь билгалдоккхуш дара, далийна билггал бакъдерш а доцуш, билггал зиэнаш динарш гучу а ца бохуш, хьалхарчу тIегIанан суьдехь сацам тIеэцна хилар. Цундела прокурора бина апелляцин лехамаш нийса лерина, ткъа иск жоп доцуш йитина.
Уголовни гIуллакх долийна
Регионан прокуроран заместитела Джанхотов Заурбека хьалха хIотторца Грозненски районан прокуратуро тIедиллина таллам бололе хьалха дийлийтина федеральни законан талхораш дIадахар. Иза доьзна дара уголовни гIуллакх долорна уголовно-процессуальни законодательствос билгалйина хенаш талхийна хиларца.
Иштта, 91 эзар соьмана шен хIуманаш лечкъоран хьокъехь Абдулкадиров Асламбека делла заявлени къастош Грозненски районехула йолчу ОМВД-н талламан отделан талламхочо, зулам дина хиларан билггал бакъдерш доллушехь, уголовни гIуллакх дIа ца долийра, бух боцуш иза талларан хан 30 денна ях а еш. Цуьнца цхьаьна талламхочо а, оцу отделан куьйгалхочо а хьесапе ца эцна таллам баран хан яхъяран кепах наггахь бен пайдаоьцуш цахилар, нагахь таллам дIабахьарна кхитIе а хан оьшуш хилчий бен.
И дерриге хьесапе а эцна, прокурора бинчу лехамна жоп луш, билгалйинчу талламан органо Абдулкадировс деллачу заявленин буха тIехь уголовни гIуллакх долийна. Иза таллар республикин прокуратуро шен тергамна кIел хIоттийна.
Бехкевар нийса лерина
Россин Лакхарчу суьдан уголовни гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегис къастийра РФ-н УК-н 208-чу статьян 2-чу декъана а, 222-чу статьян 3-чу декъана а тIедоьгIна Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо ворхI шо хан тоьхначу Мигаев Мухьаммада а, цуьнан адвокаташа а елла апелляци.
Материалаш толлуш гучуделира динан-экстремистски пропагандо Iаткъам бар бахьанехь хIетахь Москвахь вехаш хилла 21 шо кхаьчна Мигаев 2005-чу шеран июнехь Нохчийчу а веана, бакъо йоцуш герзашца кечъеллачу тобанна юкъавахана хилла хилар. Хьалха-Мартан районерчу Гихчу-кIотарна уллехь вовшахтоьхна хиллачу лагерехь кечам бинчул тIаьхьа августехь дакъалецира Роьшничу юьртана тIелатарехь. Иза дIахьочу хенахь байъира тIемагIуллакххой, дагийра юьртан администрацин куьйгалхочун цIенош. ХIетахь дуьйна Мигаев дуьненаюкъарчу розыскехь вара. 2013-чу шеран декабрехь Украинехь лецира, ткъа 2014-чу шеран мартехь Россига схьавелира.
Хьалхарчу тIегIанан суьдехь пачхьалкхан бехкевархочун декхар кхочушдеш вара регионан прокурор Абдул-Кадыров Шарпудди. Цунна хетачунна тIе а доьгIна, сацам ца хуьйцуш битина суьдо.
Буоберашна хIусамаш лур ю
ХIусамаш оьшуш долу буобераш а, шайна тIехь дай-нанойн Iуналла доцуш дисина бераш а хьесапе эцарехь Гуьмсан муниципальни районан администрацис билггал гIуллакхаш дина цахиларан хьокъехь районан прокурора деллачу искан заявленеш къастийра Гуьмсан гIалин суьдо. Таллам бечу хенахь гучуделира оцу берашна рагI йоцуш шайна чохь бегIийлаш йолу хIусамаш къасторан хьокъехь законо беш болу лехамаш администрацис кхочушбеш цахилар.
Суьдо администрацина тIедожийра законан талхораш дIадахар. И гIуллакх республикин прокуратуро шен тергамна кIел хIоттийна.
Талхораш гучудаьхна
Соьлжа-ГIалин вахархочун дехарца кху шеран августехь Ленински районан прокуратуро «Республиканский центр субсидий» ГКУ-н филиалехь таллам бича гучуделира хIусамна тIера а, коммунальни хьашташ кхочушдарна а ахча дIадаларна субсидеш яларехула пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран декъехь талхораш хилийтина хилар. Ша аьлча, гражданашкара массаьргара а цхьабосса дIа ца оьцура документаш, филиалан белхахоша лар ца йора хьашташ кхочушдаран хенаш. Законан лехамаш талха а беш, болх беш яц ГКУ-н сайт. Хьакъ ма-дду хаамаш ца бора субсидех пайдаоьцуш болчаьрга.
И дерриге кхачамбацарш а, уьш кхолладаларан бахьанаш а йоццачу хенахь дIадахар тIедиллина талламан органо ведомствон куьйгалхочунна.
Наркотикаш Iалашъярна…
Пачхьалкхан бехкевархочо Сугаипов Мохьмада дакъа а лоцуш, кху шеран 25-чу августехь Шелан районан суьдо дIакхайкхийра Яхъяев Исламна дуьхьал лелийначу уголовни гIуллакхехула йина кхиэл. Иза бехке вина РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-чу декъана тIе а доьгIна (наркотикийн гIирсаш баккхийчу барамашкахь бакъо йоцуш эцар, Iалашъяр).
2014-чу шеран августехь Яхъяевс якъийна 125,36 грамм наркотик каннабис (марихуана) ийцира, иза кхечарна йохка Iалашо а йоцуш, полицин белхахоша схьаяккхалц ша волчохь Iалашъеш а яра.
Прокуратурин векална хетарг хьесапе а эцна, суьдо Яхъяевна юкъарчу рожан колонехь яккха 3 шо хан туьйхира.
Чиновник жоьпе озийна
Ветеринарни а, фитосанитарни а тергам латторехула йолчу Федеральни службин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин куьйгалхо административни жоьпе озоран хьокъехь бина хиллачу регионан прокуратурин сацам къастийра суьдо. Иза доьзна дара, юридически адамийн а, предпринимателийн а бакъонаш ларъяран хьокъехь долчу законан лехамаш талха а беш, талламан-терго латторан органан куьйгалхочо шен пачхьалкхан талламан декхарш кхочушдеш юьртабахаман сурсаташ дохуш болчара лаьттан хьокъехь долу закон кхочушдар муха ду хьожуш таллам барца.
Прокурора чIагIйина йолчу шеран планна юкъахь билгалдина дацара иштта таллам бар. Аьлча а, талхийнера Россин КоАП-н 19.6.1 статьян 1-ра дакъа. Цунна тIе а доьгIна, долийра административни бакъонаш талхоран хьокъехь долу гIуллакх. Цул совнаха, прокуратуро хьалха хIотторца бух боцуш лерина бинчу талламийн жамIаш.
Прокуратуро далийначу бакъдолчарна тIе а тийжаш, суьдо бехке волчунна таIзар дира гIуда тохарца.
Билгалдаккха деза бахамлелоран субъектийн бакъонаш а, хьашташ а лардар республикин прокуроран шен тергамна кIел лаьтташ хилар.
МогIарш тIедуьзна
Саратовехь пачхьалкхан юридически академи чекх а яьккхина, цIа веанчу Мусаев Хьасайна республикин прокуратуре дийхира ша органашка балха дIаэцар. Цуьнца къамел хиллачул тIаьхьа регионан прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис шен приказца иза Хьалха-Мартан районан прокуроран гIоьнчин дарже хIоттийра.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо