Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан хаамийн министерствехь «Къона кадыровцаш» аьлла йолчу организацица цхьаьнакхетар д1адаьхьира лакхахь хьахийначу ведомствон куьйгалхочо Умаров Джамбулата. Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун хьехамча, «Къона кадыровцаш» организацин куратор Жумашев Аян.
Кегийрхоша шайна к1орггера довза луучу г1уллакхашца доьзна хаттарш делира Д.Умаровга. Шаьш бечу балхах лаьцна а, шайн лаамех а, дан леринчух а дийцира. Министерствоца цхьаьна г1уллакхаш дан шайн лаам хилар хаийтира.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин лар лаьцна (последователи) шаьш хилар а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна т1аьхьах1иттина накъостий хилар а диц ца деш, шайна т1ехь долу декхарш дика кхочушдеш хила декхарийлахь ду шу. А.-Хь.Кадыров нохчийн къоман Сийлахь к1ант хилла, ша ца кхоош шен къам к1елхьардаккха араваьлла а хилла. Цу некъа т1ехь майра чекх а ваьлла, цундела вай гуттаренна а и дагахь латто а, т1екхуьучу чкъурана цуьнан дахар довзийта а декхарийлахь ду. Оха тахана шуьга дийцича, кхана кегийрхошка аш дийцича, кхуьур ю къоман истори. Аш арабаьккхинарг мехала некъ бу. Шуна мел оьшучунна т1ехь тхо накъостий а ду – ч1аг1дира Д. Умаровс.
Цхьаьнакхетар дерзош, Умаров Джамбулата совг1атна Айдамиров Абузаран «Еха буьйсанаш» роман елира организацин декъашхошна.
Хь.АВХАДОВА
Авторан сурт
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо