27-чу августехь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь Аштаркхне эскарехь гIуллакх дан бахначу кегийрхойн дай-наношца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Аштаркхнехь волу векал Озиев Байсолта, журналисташ.
– СовгIаташ тхайна схьалуш санна даккхийде тхо, тхаьш уьш кхечунна лучу хенахь. ХIунда аьлча адам цхьана кхиамашка кхаьчча луш ду уьш. Цундела, шуна кечдина совгIаташ а ду тхан. Тахана цхьаммо дийца ца оьшуш, бIаьрзе воцчунна хазачу куьцехь гуш ю Нохчийчоь! И дерриге а, хууш ма-хиллара, вайн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан бахьана долуш ду. И вацахьара хIара гIуллакх аьттехьа а хир дацара иштта. Вайн мехкан къонахий кхиийна дай-наной ду шу, тхуна сов хьоме а ду. Тешна ду тхо аш кхиийначу кегийрхоша хIинца санна, кхидIа а шайгахь къонахалла гойтург хиларх, – бохура Умаров Джамбулата.
Эскарехь гIуллакх дан бахначу кегийрхойн дайшна-наношна, баркаллин кехаташ а, кхидолу совгIаташ а делира министра.
Ткъа цара даггара баркалла бохура иштта шайн ларам барна.
Цул тIаьхьа, шайн-шайн рогIехь чулацаме къамелаш дира цхьаьнакхетаран кхиболчу дакъалацархоша а.
И. МАТАГОВ
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо