Муьлххачу а стагана шен а, шен гергарчеран а дахар ирсе хила лаьа. Цхьаболчарна ирсе хила дуккха а хIума оьшу: даккхий цIенош, езачех машен, хазачех йийбар, тоьлларг даар-малар, керла юкъадаьлла духар. И дерриге хилча а, шаьш ирсе а ца хета царна, хIунда аьлча царна кхин а, кхин а тIеоьшу – ахча, деши жовхIарш, ур-аттал олхазаран шура а тIехь – кху дуьнен чохь иза елахь а, яцахь а.
Вуьшта, кхин нах а бу, шайн ирс хьанал къахьегарехь, бертахь доьзал кхиорехь, нахаца гIиллакхе юкъаметтигаш латторехь карийна болу. Царех ву Шелан районерчу Чуьйрин-Эвлахь вехаш волу Царнаев Шамсудди.
Иза кху юьртахь кхиъна ву. Шен юьртахошца, нийсархошца цхьаьна вуон а, дика а доькъуш. Жима волуш дуьйна шен дика цIе йоккхуьйтуш, вуочух ларлуш, диканиг дан гIерташ схьавеана Шамсудди.
– Сан бералла кху юьртахь дIаяхна, – дуьйцу Шамсуддис. – Кегий долуш тхо гуттар а хьаьвддий-девддий лелара, арара чудерза а ца туьгуш. Аьхкенан заманахь дитташ тIера стоьмаш дуура, Орган чохь луьйчура, майданахь буьрканах ловзура, буьйсанна – лечкъаргех тебера, ткъа Iай, салазаш, конькеш хоьхкуш, самукъадоккхура. Иштта, цхьа аьхна, могаш дIайоьдура тхан, берийн, хан. ХIинца санна яа а, тIеюха а мичара яра цу хенахь. Со цецвуьйлу хIинцалерчу берех а, кегийчу нахах а. Арахь ловзар а дац церан, я чохь, кертахь деш гIуллакх а дац. Уьш, оцу телефонашний, компьютершний чу а бевлла, Iаш бу-кх, кху дуьнен чохь кхин гуш хIума а доцуш. Меттах а ца волуш Iаш верг могаш муха хир ву?
ТIекхуьучу тIаьхьенна резадацарш ду вайгахь. Дац уьш емалбан гIерташ-м, вайл дика хила лууш ду-кх.
Кегийчарна къахьега Iамо деза, боху Шамсуддис, тIаккха уьш шайна а, махкана а пайден хир бу. Цу тIехь иза нийса ву. Къинхьегаман чам ша а дика бевзина ву иза. Эскарехь гIуллакх а дина, цIа веача, водителийн курсаш а яьхна, Чуьйрин-Эвларчу цементни заводе балха веара жима стаг. Юьхьанца цунна хала дара, хIунда аьлча цкъа а ша лелийна йоцчу «Белаз» машенна хьалха хиънера иза.
– «Белаз» чIогIа йоккха машен ю, делахь а, цкъа карайирзича, лело хала а яц. Амма и машен лелош верг чIогIа сема хила веза, къаьсттина юьрта юккъехула волучу хенахь. Шина шарахь «Белаза» тIехь болх бина ас, Яраш-Маьрдарчу карьерера цемзаводе тIулг кхоьхьуш. Дубин-Эвла юккъехула вала везаш хуьлура рейсе воьдуш а, юха, кира тIе а доьттина, юхавогIуш а. Некъ готта а, масех меттехь голатухуш а хиларна, хьала-охьа ваха кхераме дара. Амма, Делан къинхетамца, цхьа а зен-зулам доцуш, дIаделира «Белаза» тIехь болх бина и ши шо, – дуьйцу Шамсуддис.
Цул тIаьхьа цо цемзаводехь кхечу машенаш тIехь а бина болх. Смене белхахой дIасалелош, автобуса тIехь дуккха а шерашкахь къахьегна цо. Чуьйрин-Эвлана гуонаха йолчу ярташка дIасабуьгура буьйсанна я дийнахь шайн рожехь балха лелаш болу нах. Иза гуттар а нахаца гIиллакхе хилла, ша бахьана долуш цхьанна а хьовзам баьккхина вац.
– Шамсудди белхан низам а лардеш, хьаькамаша шена тIедиллина декхар дика кхочуш а деш, хьанал къахьоьгуш стаг ву, – дуьйцу цуьнан юьртахочо Аюбов Тапас, хIара санна, цемзаводехь дуккха а шерашкахь водителан болх беш волчу. – Тхо, вежарий санна, бертахь, вовшашна гIо а деш, болх бина ду заводехь. Дика а, вуон а цхьаьна лайна а ду. Иза тхуна юкъахь тоьллачех цхьаъ ву.
Белхан накъосташа а, юьртахоша а дика цIе йоккху цуьнан. Ш.Царнаевн амалехь ледара агIо, деш-леларехь ант долуш хIума ца хааделла, боху цара. Стеган мах гуонах болчара – накъосташа, юьртахоша – хадийнарг ма бу. Ткъа Шамсудди массара а дика вуьйцу. ХIара тешаме а, мало йоцуш а, шен дош лардеш а, дика стаг ву бохуш, тоьшаллаш до цара.
Шегара хьанна а гIо оьшучохь ша кхоийна вац иза. Де-буьйса ца хоьржуш, аравала кийча ву. Юьртахь тезет даьлла меттиг хилча, нах дIасабига уггаре а хьалха схьакхочура, хьалха ша автобуса тIехь волчу хенахь.
Шен долахь йолчу машенахь а вевза-везачун а, вевзаш воцчун а гIуллакхе ца хьожуш ца Іийна.
Тахана а цемзаводехь болх беш ву Шамсудди – кира дуттучу машенахь.
Хан дIайоьдуш ю, амма ша дуккха а шерашкахь хьанал хьегна къа кхидIа а хьоьгуш ву и оьзда стаг.
ТIеман шерашкахь кхуьнан доьзале а деара вуон – юьртахь эккхийтар хилча, кхуьнан хIусамнана кхелхира. Кхунна а, шина берана а доккха тохар дара иза.
Амма висинарг ца Iийча а, ца лелча а ца волу. ДегІан чевнаш йоьрзу, амма деган чевнаш ерза ца туьгу. Уьш ю лан халанаш. Делахь а къонахчун амал йолчо ца хоуьйту шен деган чевнех дерг.
Шамсуддина ша ирсе стаг хета – кхуьнан доьзал а кхиъна, хIинца-м берийн бераш а ду, хаза, йоккха хIусам а ю, юьртахь шен нахана юккъехь вехаш а ву. Делахь а уггаре а доккха ирс хьанал къахьегарехь карийна0 шена, боху Шамсуддис.
М.АРСАНУКАЕВ
Суьрта тIехь: Царнаев Шамсудди
