Гуьмсан районехь дIахьур бу харжамаш

Кхаж тасаран юкъарчу денна кечамаш барна тIехь таллам латторан Iалашонца кху деношкахь Нохчийчу веара Россин Федерацин Коьртачу (центральни) харжамийн комиссин декъашхо Шапиев Сиябшах.FullSizeRender (3)

Цу декъехь Соьлжа-ГIаларчу «Грозный-Сити» махлелоран, самукъадаккхаран комплексехь кхеташо дIаяьхьира цо а, Нохчийчоьнан харжамийн комиссин председатела Байханов Iумара а. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочун, Правительствон администрацин а, Нохчийчоьнан МВД-н а, Гуьмсан районан администрацин а, республикин МВД-н а, прокуратурин а векалша.

Цхьаьнакхетар дIадолош, I.Байхановс билгалдаьккхира кхаж тасаран юкъарчу дийнахь Гуьмсан районан а, оцу районерчу Бена-Юьртан а депутатийн кхеташонашка депутаташ хоржург хилар.

– Гуьмсан районехь дIахьур болчу харжамашкакахь 4 политически партин декъашхоша дакъалоцур ду, верриге а хьалха теттинарг 112 кандидат ву. Оцу денна тхо лерина кечамаш беш ду, – элира цо.

2015-чу шеран 13-чу сентябрехь Гуьмсан районехь а, оцу районерчу Керла-Бена юьртахь а харжамаш дIабахьарна кечамаш баран декъехь беш болу белхаш бовзийтира Гуьмсан районан харжамийн комиссин председатела Берсанукаев Ахьмада. Цо дийцарехь, кечъеш ю кхаж тасаран пункташ, иштта меттигерчу бахархошца дIахьош цхьаьнакхетарш ду.

Кхеташонехь дакъалаьцначу республикин куьйгаллин векалша дIахаийтира шаьш харжамаш дIахьош а, царна кечамаш беш а гIо дан кийча хилар.

 

Хь.АВХАДОВА

                                                                                                                                                                                              № 98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: