Цхьа-ши дош…

Нигерин тIеман-хIаваан ницкъийн кема нах чохь Iаш болчу цIенна тIедоьжна. Оцу бохамехь ворхI стаг кхелхина. Кема дохаран бахьана толлуш ю талламан органаш.

                                          ***

Къилба Африкин Республикехь некъан-транспортан ши бохам хилла, ши автобус вовшах а кхеташ. Цигахь 47 стаг кхелхина. Лазийнарш а бу.

                                           ***

СаIудийн Аравин тIеман-хIаваан ницкъийн кеманаша бомбанаш, ракеташ тоьхна Йеменерчу цхьана заводана. Цигахь лаххара а 30 стаг вийна, чевнаш хилларш кхин а алсам бу.

                                          ***

«Антитеррористически демонстраци арабевллачу маьршачу нахана юккъера ши бIе стаг лачкъийна дIавигна «Иблисан пачхьалкхан» гIеранийн декъашхоша. Цкъачунна хууш дац царах хилларг.

                                          ***

Ерриге а Европин коьртачу лазамех цхьаъ хилла дIах1оьттина Iаьрбийн а, Африкин а мехкашкара къайлах-къулах схьаоьхуш болу мигранташ совцор. Венгрис царна дуьхьало еш 175 километр керт йина Сербин дозанца.

                                          ***

Венгрин полицис схьалаьцна 70 мигрант кхалхарна бехке хиларна шеко йолу шайн мехкан вахархо. Таллам бар дIахьош ду.

                                          ***

Малайзехь правительствон политикина резабоцчу бахархойн йоккха митинг хилира. Урамашка бевллачара лоьху мехкан премьер-министр шен даржера дIаваккхар.

                                          ***

Казахстанехь стомара билгалдаьккхира мехкан Конституцин де. Дерриге а халкъан дезде санна билгалдаьккхина де дерзийра йоккхачу концертаца а, шатлакхца а.

                                          ***

Таджикистанан бакъонаш ларъяран органаша 14 жима стаг схьалаьцна. Уьш бехке беш бу «Иблисан пачхьалкхан» гIолацарна а, церан идейш къоначарна марзъярна а.

                                          ***

Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Германин Канцлерца  А.Меркельца а, Францин Президентаца Ф.Олландца а. Церан къамел хилира Украинехь долчу хьолан хьокъехь а, цигахь даккхий герзаш деттар сацон дезаран хьокъехь а.

                                          ***

Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров тахана Азербайджане вахана. Бакухь цуьнан цхьаьнакхетарш хир ду оцу мехкан куьйгалхошца.

                                          ***

Сибиран федеральни округехь мелла а лахделла хьаннашкахь евлла цIерш дIасаяржар. Таханлерчу дийнахь цхьана Бурятехь 150 эзар гектара тIера хьаннаш ю йогуш.

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: