Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата дакъалецира Россин интернет-форум РИФ Кавказ схьаелларехь.
«Дагестан» РИА-с хаам беш ма-хиллара, и гIуллакх хилира Дагестан Республикин Манаскент поселкехь.
Форумехь дакъалецира мехкан тайп-тайпанчу регионашкарчу 600 гергга делегата.
Цигахь ша динчу къамелехь Умаров Джамбулата дагестанхошка дIаделира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнгара долу маршалла. Цо иштта билгалдаьккхира тахана интернет Iедало а, юкъаралло а цхьаьна гIуллакхаш дарна уггаре а пайдехь гIирс хилар.
«Вай декхарийлахь ду IТ-гIирс Iедалца а, юкъараллица а цхьабарт болуш хила декхарийлахь хилар массарна а гайта. ТIаккха вайн таро хир ю дуккха а къаьмнийн а, дуккха а динийн а сийлахь-йоккха пачхьалкх Росси дIахIотторна гIо дан.
Цуьнца цхьаьна Д.Умаровс дакъалецира интернет-таронехь нийса а, бакъболу а хаамаш хиларна йолчу пачхьалкхан, юкъараллин, гражданинан бакъонашна а, хьашташна а кхачоярна а, ткъа иштта интернет-таронехь дика контент кхолларна а, яржорна а тIехьовсийна долчу дIадолорийн гIолацаран хьокъехь Къилбаседа Кавказан Федеральни округан субъекташна юккъехь болчу бартана тIе куьйгаш яздарехь.
С.МУТАЕВ
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо