Бахархойн хьашташ кхочушдар – депутатийн тидамехь

Шен-шен хенахь дIахьош ду Нохчийн Республикин Парламентан декъашхой бахархошца цхьаьнакхетар. Хьалхарчу рогIехь депутаташ декхарийлахь бу адамаш республикин куьйгалхойн политикех кхето, юкъараллин сагатдечу коьртачу гIуллакхех лаьцна цаьрга дийца.

Республикин Парламентан депутатийн Манцаев Вахитин а, Нутаев Хьуьсейнан а Каргалински станицин бахархошца меттигерчу Культурин цIийнехь хиллачу цхьаьнакхетарехь иштта дийцира чIогIа мехалчу гIуллакхех лаьцна.

Депутаташа гулбеллачарна дийцира некъашкахь хуьлучу бохамех а, наркотикех пайдаэцар зулам хиларх а лаьцна. Иштта тидам тIе ца бохуьйтуш ца дитира кегийрхой Шемахь бечу тIамехь дакъалацарх ларбар а. Хьеший кегийрхошка кхайкхира питанех Iеха ца баларе.

Оццу гIуллакхех лаьцна дийцира Грозненски районерчу Бас-Г1аларчу станицехь бахархойн гуламехь депутата Б.Хазбулатовс а. Шен къамелехь цо бехке бира некъашкахь дIасалеларан бакъенаш талхош берш, цо билгалдаьккхира юкъараллин дахаран юкъара нормаш лар цаяр оьзда цахилар.

Цо дийцира къоман гIиллакхаш лара а, халкъана пайдехь хила а дезаш хиларх  лаьцна.

Парламентан депутата Шамсуев Руслана кхетаман болх дIахьош, къамел дира кегийрхошца. Иза кегийрхошца цхьаьнакхийтира Соьлжа-ГIалахь цара самукъадоккхучу цхьана меттехь. Ша кегийрхошца динчу къамелехь депутата билгалдаьккхира компьютеран ловзаршка марзделча, тIаьхьа уьш дита хала хилар. Р.Шамсуевс берашна хьийхира спортехь дакъалацар а, вуочу накъостех ца деттадалар а, дай-наношка ладогIар а.

Бахархошна юккъехь кхетаман болх барал совнаха, депутаташ хуьлу республикерчу маьждигашкахь а, зияраташкахь а. Иштта, депутаташ Яхиханов Хьуьсейн а, Бердукаев Сайпи а хилира Шелан районерчу Мескар-Эвларчу  а, Шела гIаларчу а маьждигашкахь. Цара цигахь пхьуьйра ламаз а дира, маьждиге баьхкинчаьрца даггара къамелаш а дира.

С.ЛАЛАЕВ

 №98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: