Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш хьалха вайн республикехь хилла ца Iаш, амма берриге а махкахь а алсамбевлира, дуккха адамаш кхелхаш а, лазош а, некъашкахь хуьлу бохамаш. Оцо са ца гатдан йиш яцара. Республикин Куьйгалхочо некъашкахь кхерам цахилийтаран службашкара лехира некъашкахь дIасалеларан бакъенаш ларъярна тIехь латтош болу таллам, хьем ца беш, чIагIбар а, бохамаш хилар лахдарна гIуллакхаш дар а. Оцу гIуллакхана лерина бакъенаш ларъяран службийн белхахошца дIаяьхьира кхеташонаш. ЧIагIйира некъашкара посташ, таллам баран гIуллакхаш, некъашкахь бохамаш хилар лахдарна цхьамогIа кхин гIуллакхаш а дира. И бахьана долуш дикка лахделла бохамаш хилар а, нах лазор а.
Иза билгалдоккхуш дара некъашкахь кхерам цахилийтаран гIуллакхаш дийцаре деш, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин МВД-н структурни дакъойн куьйгалхошца дIаяьхьначу кхеташонехь.
Цуьнан балхахь дакъалецира республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочо Кадыров Ислама, экономически а, юкъараллин а кхерам цахилийтаран Советан секретара Усмаев ВахIида, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, республикин Куьйгалхочун хьехамчас Мартынов Даниила, кхечара а.
Кхеташо дIайолаялале хьалха Кадыров Рамзана вовзийтира шен керла хьехамча – Торшин Юрий Николаевич.
«Суна иза вевзаш ву 2000-чу шарахь дуьйна, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кхерамазаллина кхачоян иза республике шен хьалхарчу командировке веанчу хенахь дуьйна. Ас цуьнга дийхира кхерамазаллина кхачоярехь а, вайн белхахой корматаллина кечбарехь а суна а, ерриге а нуьцкъаллин комплексана а гIо дан вар. Со тешна ву шена хьалхахIиттийначу декхаршца иза ларориг хиларх, уггаре а чолхечу хенашкахь а цо уьш 100 процентана кхочушдора. Суна лаьа, Юрий Николаевич, хьан балхахь аьтто хуьлийла», – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийн Республикин некъашкахь кхолладелла хьал дийцаре деш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира некъашкахь бохамаш хилар лахдарна дечу гIуллакхаша хIинцале дика тIаьхьенаш луш хилар.
«12-чу августера таханлера де тIекхаччалц некъашкахь бохамаш хилар бахьана долуш кхо стаг – шиъ гIашло а, цхьаъ автомашенан шофер а – кхелхина. Лазийна 21 стаг. Оцо гойту некъан бохамаш хиларца доьзна нах балар лахделла хилар. Амма оцо паргIатдевлла Iен бахьана ца ло вайна», – элира республикин Куьйгалхочо.
ДIадаьллачу шина кIиранах некъан-транспортан 14 бохам хилла, амма царна юкъахь сихаллин раж цхьа а талхор дац.
«Оцо гойту некъашкахь хьал толуш хилар регионан бахархошна хаалуш хилар», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
Цо иштта тидам тIебахийтира некъашкахь дIасалеларан бакъенашка формально хьийса дезаш цахилар. Лакхадаккха деза дIасалеларан бакъенаш кхочушъярх долу ГИБДД-н белхахойн а, некъашкахь дIасалеларан берриге а дакъалацархойн а жоьпалла. Нохчийн Республикин Куьйгалхо кхайкхира Нохчийчоьнан некъашкахь долу хьал тодарна керлачу кепара тIедахар лахаре а, кхочушдаре а.
Кадыров Рамзана къаьсттина билгалдаьккхира, нагахь санна некъашкахь дIасалеларан бакъенаш талхийнарг бакъонашларъяран органийн белхахо хилахь, иза хIуъа а хьуьнарш гайтина велахь а, хьем ца беш балхара дIавоккхург хилар.
Республикин Куьйгалхочо дийцира кхин а цхьа гIуллакх – наркоманех лаьцна а.
«Ишттачу адамашца деш долу къамел буьрса, лехаме хила декхар ду. Бакъонашларъяран органийн белхахой декхарийлахь бу оцу нахаца беш болчу белхан хьокъехь хIора дийнахь отчет ян. Ас иштта лору и адамаш юкъараллин белхашна юкъаозош хила декхарийлахь хилар», – билгалдаьккхира Кадыров Рамзана.
С.ЛАЛАЕВ
№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо