Хаарийн денца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

(1-ра сентябрь – Хаарийн де)9ee9be79

Хьомсара доттагIий! Ас декъалдо шу Хаарийн денца!

Тахана школахошна а, студенташна а, хьехархошна а дIадолалуш ду дешаран керла шо.

Дуьххьара школе доьлхучу хьалхарчу классашкарчу берашна иза уггаре  а хьалхарниг ду, цундела кхеташ ю церан ойланаш а, уьш ийзалуш хилар а. Цара шайна схьадоьллу хаарийн керла дуьне, довзаран а, дешаран а новкъа хIуьтту уьш, цхьа хан яьлча, лаккхарчу корматаллин говзанчаш хилархьама а, шайн Даймахкана пайда бархьама а.

ХIинца хьалхарчу классе боьлхучарна, шайн ирсана, ца гина баккхийчеран чкъуран нахана гина болу тIеман бохамаш а, йохийна йолу гIаланаш а, ярташ а. Гуттар а дагахь латто деза дукха хан йоццуш тIемаш болчу хенахь республикехь цхьа а дийна школа  хилла цахилар.

Вайн Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас гуттар а лорура дешаран нийса дIанисйина йолу система кхоьлличий бен нохчийн халкъан хиндолчун бух билла йиш цахилар. ХIетахьлерчу халачу шерашкахь дешар меттахIотторна а, кхиорна а уггаре а лерина тидам тIебохуьйтура цо.

Вай кхиамца дIахьо республика юхаметтахIотторна а, кхиорна а тIехьажийна, Ахьмад-Хьаьжас дIаболийна некъ, вай дерриге а гIуллакхаш до вай лайнарг вайн берашна цкъа а ца гайтарна.

Республикехь йина бIеннаш керла школаш, меттахIиттийна университеташ, институташ, схьайиллина колледжаш, училищеш. Вайн берашна вай дерриге а хьелаш кхоьллина кхиамца дешарна а, корматаллин дешар Iаморна а.

Хаарийн дийнахь суна лаьа берриге а дешархой хааршка кхача гIерташ, Iилманаш карадерзорехь юха ца бовлуш, собар долуш хуьлийла. Дешарехь дикачу а, тIехдикачу а кхиамашка кхача гIерта деза, кхоллараллехь гIуллакхаш дан деза, кхион деза шайн похIма. Болх бар  дезаро а, кхузаманахьлера хаарш карадерзо лааро а бен гIо дийр дац шуна юкъараллехь хьакъ йоллу меттиг дIалаца а, республикина а, Россина а пайда бала а, шайн мехкан бакъболу патриоташ хилла дIахIитта а.

Суна лаьа дешарехь шун кхиамаш а, могашалла а, токхо а хуьлийла. Кхочушхуьлда шун сатийсамаш!

№98, шинара, 1 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: