Бицираев Сайд-Хьусайн

Бицираев Сайд-Хьусайн, Россин Художникийн союзан декъашхо, вина 1954-чу шеран январь беттан 30-чу дийнахь ГIиргIизойчуьрчу Кадомжай поселкехь. Шен схьавалар Гуьмсан кIоштан Нойбоьра юьртара ду цуьнан.IMG_1

Юьртарчу (Нойбоьрарчу) юкъарадешаран школехь 8 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа  доьшу Краснодарерчу исбаьхьаллин  училищехь. Цул тIаьхьа ши шо даьлча И.Репинан цIарахчу  (Санкт-Петербург) исбаьхьаллин академин студент хуьлу. Цигахь, вевзаш волчу художникан  Непринцевн пхьалгIахь, кхоччуш  караерзайо суьрташдахкаран говзалла. Йоццачу хенахь  болх бо Санкт-Петербургерчу №1 йолчу берийн исбаьхьаллин школехь. 1983-чу шарахь дуьйна Санкт-Петербурган пачхьалкхан исбаьхьаллин промышленни  академехь хьехархочун  болх беш ву (карарчу хенахь кафедрин профессор).

1981-чу шарахь  дуьйна Россин Художникийн союзан  декъашхо. Ялх шен (персональни) гайтам хилла художникан: шиъ – Хельсинкехь, кхоъ – Санкт-Петербургехь, тIаьххьарниг – Соьлжа-ГIалахь А-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориальни комплексехь. Кхечу  художникашца  цхьаьна  дакъалаьцна  Россин  тайп-тайпанчу гIаланашкахь, ткъа иштта Китайхь, Кореяхь, Австрехь, Финляндехь, Германехь, Италехь, Грецехь, Канадехь, кхечу  мехкашкахь дIабаьхьначу гайтамашкахь. Нийсса аьлча, 50 сов гайтамехь хилла цуьнан белхаш. Хьовсархоша, говзанчаша лаккхара мах хадийна цуьнан  суьртийн: «Дади-юрт йожар», «БойсагIар», «Валарг тIехь  хилла тIом», «Ненан сурт», «Баккхийчеран  хабар», «Ши доттагI», «ТIулгаш тIехь  кIентий», «Аьхке», дуккха а кхечеран.Старики

Искусствийн дуьненахь дика евза С-Хь.Бицираевн цIе. Тайп-тайпанчу кхоллараллин организацийн декъашхо а ву иза (Искусствоведийн а, критикийн а дуьненаюкъара ассоциаци, Къилба-Корейн исбаьхьаллин ассоциаци, Г.Р.Державинан цIарах йолу Оьрсийн дешан, искусствийн академи, иштта кхин а). Сих-сиха хуьлу кхечу пачхьалкхашкахь командировкаш. Иштта кхоллаелла Испанина, Чинина, Грецина леринчу суьртийн циклаш. Россин, Финляндин, Германин, США-н, Грецин, Канадин, Италин, Венесуэлан, кхечу пачхьалкхийн музейшкахь, нехан шайн доларчу коллекцешкахь а бу цуьнан белхаш.С осликом

Iер-вахар еххачу хенахь Санкт-Петербургехь делахь а, С-Хь.Бицираевс цкъа а ца хадийна шен Даймахкаца уьйр. Цуьнан дукхах болу белхаш шайн чулацамца Нохчийчоьнах боьзна бу. Боккхачу лаамца дакъалоцу художнико республикехь дIахьочу гайтамашкахь. Нохчийчоьнан музейшна совгIатна бIе гергга шен сурт делла Сайд-Хьусейна. Кхоллараллин белхан лаккхара мах хадош Бицираев Сайд-Хьусайнна совгIат дина «Нохчийн Республикин хьакъволу художник» а, «Россин Федерацин хьакъволу художник» а сийлаллин цIерш яларца а, ткъа иштта гайтамийн дипломашца а, Сийлаллин грамотащца а.

Тахана оха шуна довзуьйту художникан ши сурт.

Хь.АБАЕВ

 №99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: