Дешаран керлачу шарна кечамаш бо…

Аьхке чекхйолуш хиларх хаьа вайна лаккхарчу а, юкъара дешаран а учрежденешкахь кеста занятеш дIаюьйлалур юй. Карарчу хенахь дешаран керлачу шарна кечамаш беш, ремонтийн белхаш бу дешаран заведенешкахь дIахьош. Царах къаьстина яц Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университет (ГГНТУ) а.

ГГНТУ-н стратегически кхиоран а, капитальни гIишлошъяран а урхаллин куьйгалхочо Ушаев Анзора довзийтира  тхуна  ремонтан белхашца доьзнарг.

– Ремонтийн белхаша дIалаьцна ю 40 сов аудитори а, университетан 3-чу корпусан ешаран зал а, холл а. Цул сов, №4 йолчу корпусехь, капитальни ремонт дIайирзинчул тIаьхьа, тIекхетар ю кхин 5 аудитори: ткъа-ткъа меттиг болуш 4 аудитори а, ткъе итт меттиг болуш 1 аудитори а. Иштта цу корпусехь йовхояларан система нисъярца боьзна белхаш а бу дIахьош, – элира А.Ушаевс.

ГГНТУ-н ректоратехь билгалдаьккхира, хIоразза а университетан материалан-технически бух а цIинбеш, студенташна хьоьхуш йолу программаш пачхьалкхан дешаран федеральни стандарташца йогIуш хилийтарца боьзна, гуттар а беш болх хилар.

– Университетан дешаран корпусаш технически хила езачу кепара хилийтаран а, студенташна деша а, хьехархошна болх бан а томехь хьал латторан а Iалашонца, хIора шарахь карарчу а, капитальни а ремонтийн белхаш бу беш. Ремонт ечу хенахь лелош ю уггаре а тоьллачех йолу материалаш. Уьш лелаяро дешаран аудиторийн а, лабораторийн чоьнийн а, кафедрийн кабинетийн а дикалла лаккхарчу тIегIане йоккху, – дийцира мехкадаьттан университетан капитальни гIишлошъяран отделан куьйгалхочо С-М.Мусаевс.

Цо дийцарехь, билгалъяьхначу ерриге а корпусашкахь, капитальни ремонташ хилла ца Iаш, заьIапхошна оьшуш долу хьелаш тидаме а оьцуш, карарчу ремонтан белхаш а бу дIахьош.

И белхаш  кхочушбеш ю «ТехноСервис» цIе йолу организаци. Таханлерчу дийнахь бан безачу белхийн барам 60 процентал сов бина бу, ткъа берриге а белхаш дIаберзор бу 7-чу сентябряхь.

И.ХУСЕЙНОВ

 №99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: