Муцаев Iумара тайп-тайпана белхаш бина шен дахарехь. Делахь а, дукха хенахь дуьйна цуьнан са лаьттарг дечиг-пхьеран болх бара. Iумаран да а, деда а хилла дечиг-пхьеран говзалла йолуш.
Iумара дечиг-пхьеран болх бен кIезиг хан бен яцахь а, иза дан кхиънарг дуккха а ду. Ша ма-ярра горгачу дечигех башхачу куьцехь стол а, гIант а, маьнга а бо цо. Тайп-тайпанчу пародийн дечигаш а гулъеш, дуккха а кечамаш бина Iумара шен болх дIаболабале хьалха. ЧIогIа хазачу куьцехь, мел тоьллачу цIеношкахь а товш хир долуш хуьлу цо дина гIант а, стол а, кхийолу хIума а. Билгалдаккха догIу, пхьеро йина муьлхха хIума хьостам, я кхиболу аьчган гIирс а шеца боцуш хилар. Даккхий, хьийзина кепаш йолчу диттийн орамех пайдаоьцу цо дукха хьолахь.
– ХIара говзалла тхайн дегара схьаэцна ас. Мел дукха шераш довларх, йоха ца туьгуш, тIаьхьарчу тIаьхьене а ер йолуш, шайн «мода» а йовр йоцуш, хилийта хьожу со айса еш йолу хIума, – дуьйцу 1умара.
Доккха г1уллакх ду I. Муцаевс а, и санначу пхьераша а дийриг. Уьш вайн махкахь оьшуш нах бу, хIунда аьлча цара нахана оьшуш болу дахаран гIирсаш бо. Даима а лехамехь къахьоьгуш ву иза. Масала, гIант охьахаа аьхна хиларал совнах, шен санна куц кхин дан а доцуш башха до. Иштта йо стол а, маьнга а.
Хьалха хилла пхьоланаш карладахар а ду маь1не. Болх бан ца луурш, белхан меттигаш яц бохуш, буьйлалой лела, болх бан луучо, Муцаев 1умара санна, хьанал къахьоьгу.
И.МАТАГОВ
№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо