Воккханиг ларар – доьзалан а, юкъараллин а чIагIонан бух

Вайнехан гIиллакх-оьздангаллин коьртачу мехаллаш юкъахь ша къаьсттина меттиг дIалоцу воккханиг лараро. ХIора стеган а, доьзалан а, дийнна къоман а дахарехь доккхачу маьIне ду и гIиллакх.

Цхьа де бен вацахь а шел воккханиг лоруш ду вайн. Воккханиг тIевеача, бухарниг хьалагIотту, охьахаа баьрччера, паргIат меттиг а цунна кхачайо, дешан хьалхе а воккхачуьнгахь юьту, тхьамдаллина хьалха а воккханиг воккху. Кхин а ду воккханиг ларарца доьзна лардан дезаш гIиллакхаш: чу-ара волуш, хьалха а воккханиг волуьйту, машенахь хьалхара меттиг а цунна юьту, шун а цуьнга доладойту, иштта кхин а. ЙоIа а, кIанта а муьлххачу а воккхачуьнца лело догIу гIиллакхаш ду вай дагардинарш.

Къаьсттина чIогIа лардан дезаш ду  воккханиг лараран гIиллакхаш доьзалехь, цIийнан, тайпа-тукхаман баккхийнаш ларарца.

«Суна дага а ца догIу, со цунна хьалха хиъна Iийна а, цунна хьалхахь хIума йиъна а. Дена ца дезара и тайпа хIума», – иштта яздо шен цхьана дийцарехь Бексултанов Мусас. ХIаъ, ца хилла вайн воI дена хьалха хиъна Iаш, ден я кхечу воккхачун тIедилларца я пурбанца бен-м муххале а. Кхин цхьа хабар а ду вайн халкъалахь дуьйцуш. ТIамехь хала чевнаш хилла, меттахь Iуьллуш хилла кIант. Цуьнга бIаьрг тоха чоьхьаваьлла да. Да чувеача, шен берриге а  ницкъ гулбина, дегI нисдеш, хьалагIаьттина воI. Иза паргIат вита, сихха араваьлла да. Цул тIаьхьа дукха хан ялале, кхалхар хилла боху хьуьнаречу кIентан.

Доьзалехь воккханиг ларарехь коьртаниг, цIийнан воккханиг бехке лоруш, цуьнан дош лардар ду. ХIуъа хилла латтахь а, доьзална, цIийнан нахана тIехь ду шайн воккхачо аьлларг кхочушдар. Шена и тахь а, ца тахь а, нийса хетахь, ца хетахь а кхочушдан дезаш ду цIийнан воккхачун дош. Цо дитинарг дитина хила деза, цо магийнарг мага деза. Дахарехь хийла нисло стагана тIе. Дуьне доьхча а, айхьа дуьтур дац моьттург а хуьлу. Амма хьайна мел товш доцург а, хьайн цIийнан воккхачун лаам кхочушбеш, ахь дитича, и хьан сий хуьлуш доьрзу, ткъа воккхачун дош цалараро цIийнан а, тайпанан а сий дойу.

ЦIа-цIе, машен, кхин мехала хIума эцарца, нахаца Iоттаделла хIума листарца, балха, деша вахарца, ялорца-йитарца, гена дIасавахарца доьзна гIуллакхаш лелош шен цIийнан воккхачух (вешех, дех, девешех) дагавала декхар ду къонах. Цунах маьIне кицанаш ду вайн:

«Воккхачо аьлларг дайна дац», «Воккхачо аьлларг динарг дохко ца ваьлла», «Воккхачуьнга ла ца доьгIнарг ор чу воьжна», «Воккхачо бохург ца динчунна халонаш гур ю», «Воккхачуьнца жима воцург, жимачуьнца воккха а хилалац».

Доьзалшна, цIийнан охIланашна тIехь ду шайн цIийнан баккхийчу нехан доладар. И шен лаамехь гIуллакх а дац, ткъа Iадате дирзина, лар ца дича эхь долуш, гIиллакх ду. Оцу хьокъехь цхьа шира дийцар ду нохчийн фольклорехь. Дукха зама хьалха халкъалахь сецна даьлла ламаст хилла боху, шен дола ца далуш висина къена стаг, тускар чохь генна дIа а хьой, цигахь вала вуьтуш. Иштта цкъа цхьа кIант вахана тускар чохь шен да а эцна.

Йиллинчу меттехь и къано а витина, юхавирзина иза. Ша гена валале, ден гIийла аз хезна цунна: «КIант, тускар дIахьо ахь, кхано хьан кIантана эшча, кийчча хир ду хьуна, керланиг дуца а ца дезаш». Эхь хеттачу кIанта, и ламаст хададеш, шен да цIа валийна боху.

Шен доьзалш бацахь а, шича-маьхчалахь, тайпа-тукхамехь верас воцуш стаг цависарна ду, нохчийн стаг наггахь бен баккхийчу нехан цIеношка кхочуш цахилар. Цунах вай бакъонца дозалла а до. Нохчийн яздархочо Н.Музаевс шен цхьана романехь иштта яздо оцу хьокъехь: «ХIора стаг а шен-шен тайпа-тукхам долуш, хIотта верас волуш хуьлуш ву, делахь-хIета, цхьа хIума Iоттаделча, хIоранна а дала орца а, хIотта верас а караво».

Гергара велахь а, вацахь а юкъ яьстинчу воккхачу стагаца къаьсттина лераме хилар лоьху нохчийн гIиллакх-оьздангалло. Ишттачаьрца дов-чIир лелор яц, маршалла-доьналла а цаьрга хьалха хоттур ду, вогIуш-воьдуш машенахь тIенислахь, вига веззаче дIа а вуьгур ву, гIуллакх деш воккха стаг валлахь, цуьнгара гIуллакх схьа а оьцур ду. Баккхий нах болчохь тIехдаьккхина велар а, дастаме дош олуш хазийтар а, «со», «ас» бохуш, деза къамелаш дар а, ваьржина-ваьттIа хиъна Iар а, цигаьрка узуш я мелла гайтар а догIуш дац кегийрхошкахь. Иштаниг усала лерина вай наха. Лулахошна а, юьртахошна а тIехь ду баккхийчийн Iер-дахарца доьзна хьашт-дезарш кхочушдар, Iийдан деношкахь царна тIехIиттар.

Нохчийн яздархочо Берсанов Хожа-Ахьмада яздо:

– Воккха стаг лоруш, хама беш хилалахь, цуьнан хене вахча хьо а лорур ву.

– Къанвелча воккха стаг хьекъална а, амална а беран хьесапе воьрзу, цуьнан терго еш хилалахь. Цхьа кIезиг ахь динчу гIуллакхах цунна там хир бу, хьуна Делера ял хир ю.

– Воккхачу стеган хьуна кхетам бала а, хьехар дан а бакъо ю, дегабаам ма белахь, хьайга дечу хьехарех пайда эцалахь.

Кегийрхошка ала луур дара:

– ЛадогIа яздархочун хьехамашка. Тахана ахь хьайл воккханиг лараре терра лорур ву кхана хьо а. «Воккханиг ларар» бохург цхьа дешнаш хилла Iаш дац хьуна, нохчийн доьзалан а, юкъараллин а чIагIонан бух хилла лаьтташ долу нохчийн къоман уггаре а дезачу гIиллакхех цхьа гIиллакх ду хьуна иза.

Хь.АБОЛХАНОВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

2 комментари йазйина хIокху “Воккханиг ларар – доьзалан а, юкъараллин а чIагIонан бух” йаздарна бухахь

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: