Дешарца дика лараво

Дена-нанна доккха совгIат ду  доьзалхо дешарца дика ларош, хьехархоша а, нийсархоша а лоруш, жимчохь дуьйна нийса некъ хаьржина схьавогIуш хилар. Доьзал кхиош, дас-нанас хьегна къа эрна ца хиллийла гойту цо. Тахана къона велахь а, кхана  лулахь, гергарчарна, шен Даймахкана йоккха гIортор хуьлу ийманехь, исламехь, ирачу хьекъалца кхиийначу кегийрхойх. Доккха беркат ду иза.студент

Грозненски районерчу Гикало поселкехь вехаш ву Ашаганов Iарби. Иза вина 1996-чу шеран 1-чу февралехь. Жимчохь дуьйна лор хила лаам болуш вара иза. Амма школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа цо билггал къастийра ша болх бен йолу корматалла. 2013-чу шарахь Нохчийн пачхьалкхан университетан «Экономика и финансы» факультете деша воьду к1ант. Карарчу хенахь 3-чу курсан студент ву иза. 1-чу курсехь дуьйна дешарца дика ларош, студентийн юкъараллин дахарехь дакъалоцуш ву.

Iарби Россин Федерацин Правительствон стипендиат ву. Цо гойту иза дика студент хилар. Ша доьшучу факультетехь студентийн Iилманан юкъараллин председатель а ву иза. Цунна уггаре а дукхаеза дисциплинаш ю: «Банковское дело», «Введение  в специальность», «Организация деятельности центрального банка» ю.

Хааршца ларош волчу студента дакъалаьцна студентийн Ерригроссин а, дуьненаюкъарчу а 1илманан-практикин дуккха а конференцешкахь. Карарчу шарахь университетехь хиллачу «Начни свое дело» тоьлла бизнес проектан толамхо а ву иза.

Iарбис дийцарехь, ша хаьржина корматалла дукхаезаш а, цунах шен дахаран некъ бан а дагахь ву иза.

З.ЛЕЧИЕВА 

Авторан сурт

№99, еара, 3 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: